Шемал фанатик цахилар. Динан фанатик оцу шен динан идейн дуьхьа ле, бӏаьрнегӏар ца тухуш. Ткъа Шемал даим а ларлора кхерамах, эрна ӏожаллех. Суна хетарехь, цуьнан идей кхин йара – ша схьалаьцначу некъан, маршонехьа къийсаман идейн дуьхьа вахар. Цуьнан дуьхьа даим а шен са лардора цо. Масала, Гимрахь, Ахульгохь, тӏаьххьара а – Гунибехь а. Массанхьа а кӏелхьарвала хьекъал а, мекарло а хуьлура. Хунзахерчу маьждиг чохь дов даьлча, цо динарг хезний шуна?
– Хӏан-хӏа, – ладогӏа кечвелира Клингер.
– Цуьнан шен кӏанта Мохьмад-Шафис дийцина хӏара. Хьамзат-бека а, Шемала а Хунзахера бекаш бойъу хан йу иза. Буьйсанна хилла и дов. Бодашкахь. Ма-хаъара, Хьамзат-бекан уггар гергара гӏоьнча вара Шемал. Цундела уггар хьалха и ши коьртахо вен гӏоьртина бекаш. Гуттар дов марсадаьлча, цхьана беко мохь тоьхна: «Шемална тоха, кӏайн куй болчунна!» И мохь хезначу Шемала, шена уллорчу мурдан коьртара ӏаьржа куй катоьхна схьа а баьккхина, иза шен коьрта, шен кӏайн куй цуьнан коьрта тиллина. Мурд вийна, ткъа Шемал, йайн чов хуьлуш, кӏелхьарваьлла.
Цхьана йукъана тийналла хӏоьттира чохь.
– Адамаллин исторехь цхьа а гениальни стаг ваьлла вац гӏалаташ, ледарлонаш йоцуш, – чайнах дассаделла стака йуьстахтеттира Ботас. – Европин цивилизованни паччахьашкара дийлина гӏалаташ-м хьовха, даррехь цара йина къизаллаш а гечйо вай, царна цхьацца бахьанаш а лоьхуш. Ткъа Шемалан, оцу боданечу ламанхочун, гӏалаташ, ледарлонаш, и сийсазвеш, аьшнашвеш, кхайкхайо. Иза нийса дац, господа, данне а нийса дац.
Фон Клингерна тоам ца хиллера хеттарех а, жоьпех а.
– Господин майор, хьан къамелехь хаало ахь Шемал мелла а лоьруш хилар. Хӏета, цунна а, хьайн халкъана а уггар хала киртиг тӏехӏоьттича, и шиъ дӏа а тесна, церан дуьхьалончин агӏонгахьа хӏунда велира хьо? Нагахь иза къайле йацахь, цунна жоп лохьа.
Ботин велар иккхира. Схьахетарехь, и хаттар дуьххьара ца хезнера цунна.
– Кхузахь къайле йолуш хӏумма а дац, капитан, – бендоцуш вистхилира иза. – Беран хенахь сайн махках, халкъах ваьллехь а, кхечу къомо, кхечу йукъаралло кхиийнехь а, цӏийца а, дагца а даим а сайн халкъан кӏант хилла со. Сан халкъ шен маршонехьа оьрсийн ӏедална