Амма хӏокхо лелориг, дений, стундений йуккъехь машар бан гӏертар бен, кхин, хӏара ду аьлла, хӏума дацара.
Оцу кхаа партийн, йа, нийсса аьлча, церан лидерийн шайн-шайн ӏалашо йара. Дениел-бека а, Хьаьжа-Мурда а оьрсийн инарлашца къайлаха барт бора, Шемал царна вохка. Оцу йамартлонан мехах шен хьалхалера Елисуйский султанат а, инарла-майоран чин а, цаьрца доьзна сий а, хьал а йухадерзо гӏертара Дениел-бек. Ткъа Хьаьжа-Мурд Шемалах Аварски ханство, Кибит-Махьма – имамалла эца гӏертара.
Нохчийн наибаш дакъалоцуш бацара Шемална дуьхьал къайлаха барташний, интригашний йуккъехь. Нагахь Дениел-бек а, Хьаьжа-Мурд а, оьрсийн правительствона Шемал а воьхкина, шайн хьалхалера хьал, сий а йухадерзо гӏерташ хиллехь, нохчийн наибийн дацара йамартлонан мехах эца хӏумма а. Хӏара тӏаьхьарниш оцу лакхенга айъинарш церан хьал а, хьаькамаллин лерамаш а бацара, уьш шайн майраллица а, хьуьнаршца а кхаьчнера цига. Правительствоца барт хилча, дерриг а довра церан, амма хӏумма а кара ца догӏура. Нохчийн наибаша оцу агӏор шена йамартло йарна ца кхоьрура Шемал. И кхоьрург кхин дара. Оцу къоман доккхалла а, ницкъ а, церан мехкан потенциалан хьелаш а, церан политикин а, экономикин ницкъаш а, и къам кху лаьмнашкарчу кегийрачу къаьмнех дозушцахилар а.
Кхин цхьаъ а дика хаьара Шемална: тӏаьххьара и ницкъ кхачабаллалц нохчаша шайн маршонехьа, бозушцахиларехьа колонизаторшна дуьхьал луьра къийсам латтор буйла а, амма, и ницкъ кхачийна, кӏелбисча, шех а, оьрсийн правительствох а цхьаъ къасто дезча, ша дӏа а эккхийна, уьш мостагӏчуьнгахьа бевр буйла а.
Шемалан а, оьрсийн правительствон а политико цатешам а, цабезам а боьллира бӏешерашкахь вовшашца вошаллин гергарлонаш хиллачу, цхьанна тӏе кхерам, бохам беъча, вовшашна тӏетийжинчу нохчашний, дагестанхошний йуккъе.
Стоьла тӏехь лаьттачу жимачу графин чуьра хи стаки чу а доьттина, сутара дӏамелира командующис.
– Мекара а, къиза а политик вара хьан Шемал, – элира цо, бетах йовлакх а хьокхуш. – Доцца аьлча, ламанан Талейран. Къаьмнаш «доькъуш ӏедал латтаде» боху ширачу римлянийн принцип йара цуьнан политикин бух.