Цо Нохчийчохь и политика дӏа ца йаьхьнехь, нохчашца дерг чекхдала хӏинца а мел гена хир дара. Церан патриотизм, маьрша ойла йен, гергарлонийн зӏенаш хедо, халкъан гӏиллакхаш а, амалш а хӏаллакйан, оцу нохчех шен леш бан ӏалашо йолуш, Нохчийчохь нуьцкъаха ӏадат дӏа а доккхуш, шариӏат хӏоттийра цо. Атталла церан хьуьжаршкахь бераш ӏамо нохчийн молланашна тешам ца лора, цига а дагестанхой балабора. Нохчийчоьнан бахархой вовшашна айкхбийла, шпионаж лело ӏамийра. Дуьхьало йинчийн даьхна кортош хуьлура диллина дӏа кертийн хьокхаш тӏехь дохкуш. Халкъ, талош, чӏанадаьккхира наибаша. Адам гӏазотан тӏаме кхойкхуш. Шемал ца гӏеттинехьара, ламанхошний, оьрсашний йуккъехь тоххара машар хилла хир бара.
– Шемалал хьалха шайх Мансур, Бийболат, Гӏеза-молла а вара.
– Ламанхойн акхачу фанатизман стом бара-кх уьш а.
Кундухов оьгӏазвахара, амма цо, хала сатоьхна, къайладаьккхира иза.