бӏаьрнегӏар ца тухуш, мостагӏех леттачу шун, кху махка кхаьчча, бӏаьргех оьхучуьра хиш ца совцу. Хьалха-м зударех тера а дацара шу, амма хӏинца чӏогӏа береш боьхна-кх шун. Баланаш, халонаш ӏийша кхоьллина вайн декъаза къам. Нохчочун нана, нохчочун зуда шегахь доккха собар а, доьналла а, къонахчалла а долуш хила йеза. Царах цхьаъ йу хьо, Хеда. Тховса жимма ледарйаьллехь а. Оццул дукха ӏожалла тӏехӏиттарх, хӏинцца бен сайх догдиллина хилла вац со. Дала гӏоли ца йахь, суна кхетта цамгар чӏогӏа йу. Ткъа ӏожалла даим а тӏаьхьа а йаьлла лела. Кӏажаш хьоьшуш. Хьанна хаьа, хӏун хир. Цундела, хьоьга весет дан лаьа суна…
Иэккха доллу дог а къуьйлуш, леррина ладуьйгӏира Хедас. Цунна хаьара Данчӏас эриг цаваьллачу денна дуйла.
– Со дуьнена ваьлчахьана, цхьа гӏалат далийтина ас – шу а далош кхузашха схьавар. Берсагӏара дукха бехира соьга, ма гӏо, цӏахь ӏе. Со-со а шек вара хиндолчух. Даго хьоьхура. Дог кхиънера. Хӏетте а, баккхийчара аьлларг а дина, йиша-вешех къаьстина, цӏахь ӏан ца терира, схьавеара. Дог доьлхуш. Амма хилларг хилла даьлла. Дагахьбаллам буьсу, валар хилахь, шен дуьхьа оццул ас дукха цӏий ӏенийначу даймахкана генахь валар а, лаьттах вахар а. Иза а дицдо шу кхузахь дисаро. Со дӏаваьлча, шун ӏуналла дан гергарчех стаг ца вуьсу вайн. Со а валош кхуза баьхкина вайн гергарниш белла кхачалуш лаьтта. Дийна бисинарш а шайн синошкахьа бевлла. Нагахь шаьш дийна дисахь, варийлаш, варийлаш, Хеда, кхузахь ма совцалаш. Нах йуханехьа гӏоьртур бу хьуна, шина бераца царна тӏаьхьахӏотталахь. Суна ца лаьа, даймахках а хаьдда, ненан мотт а бицбелла, сайн бераш кхузахь кхуьийла. Кхузахь бисча, царах элий хир белахь а. Хьал а, дуьне а, дахар а стенна оьшу шен даймахках хаьддачу стагана? Дешилахь луьйчуш велахь а, къен ву иза, мел нуьцкъала велахь а, лай ву иза.
Данчӏа йукъ-йукъа соьцура. Гуттар сахаьддачу цунна хала дара къамел дан. Амма цо, доккха са а доккхий, берриг ницкъ тӏе а гулбой, йуха а доладора.
– Нагахь гуттар дӏа вай диначу махка дерза ницкъ ца кхачахь, гуьржийн махка довла хьовса. Уьш дозанал дехьа ма-девллинехь бу. Керста динехь делахь а, буьйцу мотт кхин белахь а, вайца гӏиллакх, амалш йогӏуш, вайца