цхьана цӏийх къам ду иза. Шу цига кхаьчча а, вайн махка кхаьчна хетар дара суна. Кхузахь дуьсучул, сийначу Сибаре дахар гӏоли йу вайна… Дика кӏант ца хиллера со, Хеда. Хиллехьара, даймохк битина, кхузашха схьавогӏур вацара… Цунах ваьлча, ас хӏун дора сайн сих? Нохчийчохь цӏейаханчу къонахоша дуьйцучу хабарех ӏехабелира нах. Дукхахдерг – шайн берийн ойла йеш. Шайна гина тӏеман эрчонаш царна ца гайта лиъна, царна мукъана ирсе дахар карор дацара-те аьлла. Кхузахь Дала делла болх хир боцийла-м хаьара суна, амма хӏара къемат-де хир ду ца моьттинера. Уьш тӏаьхьадисна. Болатна цкъа а дицлур дац хӏара ӏаьржа денош. Амма цунна хаац ша дуьнена валале ас а, сол хьалха тхан дайша а хьегна бала. Хьайна гинарш, хезнарш дийцалахь цунна, хӏор а суьйранна шаьш чудирзича. Дийца, вайша дуьнен чу муха даьлла, муха кхиъна, хӏара адам, цаьрца вай махках хӏунда девлла а. Даймахка дерзар ца доьгӏна, кхузахь висахь а, цунах дог ма дилла, алалахь цуьнга. Ахь дийцинарг, шена гинарг шен тӏаьхьене дӏало, ала. Жима делахь а, амма турпалчу къомах шаьш схьадевлла хилар цкъа а цадицдар тӏедуьллуш, цаьрга весет де, ала цуьнга. Шайн дай санна, майра, оьзда, тешаме, маьрша кхиа ӏамабе, ала… Шайн дайн сий дайъина, эхартахь тхуна дуьхьалхӏитта пурба дац царна…
Цхьа хан йаллалц са а даьӏна, йуха а вистхилира Данчӏа:
– Хеда, хьо кхийтин сан дагахь долчух?
– Кхийти, Данчӏа.
– Иза диц ма делахь цкъа а. Ткъа хӏинца паргӏатйала, охьайижа. Болх Делан кара лур вай.
Майрачо аьлларг а дина, дӏатийра Хеда. Амма дӏатен ца туьгура кийра хьийза бала. Данчӏа цомгаш ца хилийта иттазза йала реза йара иза. Да дӏаваьллачул тӏаьхьа цхьа а тӏетовжийла йоцуш буьсура церан доьзал.
«Хӏун де ас?» – хоьттура Хедас шега. Дагавеара цхьаъ бен воцу шен шича Берса: «Докку, нанас ца йина йиша лайла хьан, мичахула лела-те хьо?… Кху дуьненахь шуьшиъ бен гӏортор йацара-кх сан, шуьшиннах йаьлла, кху пана махкахь, гӏийла бо хилла, цхьалха йуьсуш йоллу-кх со, ас хӏун де-те?..»
Оцу хаттарна жоп лоьхург и цхьаъ йацара туьпахь.
Хӏокху тӏаьххьарчу баттахьчул къа ша дуьнен чохь йаьккхинчу йерриг хенахь а ца хьегнера Маккхала.
Туьпара жимма а дешна йа цхьа йеса деша хуу массо стаг