Шозза къола дича, кхеравеллачу Нияз-бейс кхин цхьа хехо а хӏоттийра. Туька ӏалашйан. Шингге тиша тоьпаш а йелира. Мацах оьрсашца тӏом болуш карайаьхкина, деш дезар доцуш хьешан цӏа чохь пенах кхазош йолу.
Туьканан хехо Юсуф-боба, шен топ пхьаьрса кӏел лаьцна, волавелла лелаш карийна, йуха керта веана Нияз-бей, дихкинчуьра жен-жӏаьла схьа а даьстина, цуьнан коча тесна бахтар буйна а лаьцна, беша велира. Кемсийн таьллангашна тӏекхочуш, ши лерг дуьйлина ла а доьгӏна, цкъа-шозза гӏалх аьлла, хьалха дӏагӏоьртира жӏаьла. Дӏахьажавеллачу Нияз-бейна кемсийн таьллангашна кӏел беттасан серлонехь баролехьа дӏадедда жима гӏаларт гира. Жӏаьла дӏа а хецна, кемсашна гӏортийна хьокха катоьхна схьа а баьккхина, тӏехьаьдира Нияз-бей.
Хӏетта ша баьккхина ши кан дерзинчу дегӏа тӏе дуьйхинчу чоин чета а таӏийна, кхозлагӏчунна тӏе куьг хьош воллучу Соипна шена ткъех гӏулч генахь стаг гира хьалхадаьккхина, борз санна, жӏаьла а долуш. Царах бӏаьрг ма-кхийттинехь дӏаиккхина Соип ша сехьаваьллачу кевнехьа дӏахьаьдира. Дӏаводдушехь цхьана гӏорторах йуьхь кхеттачу цуьнан бӏаьргех суйнаш тесира. Атайеллачу кемсийн мутт дегӏа тӏехула охьадоладелира. Амма Соип дӏауьдура. Гӏорторех тийсалуш. Са масазза доӏу, гергагӏертара тӏаьхьауьдучу жӏаьлин дера гӏовгӏа. Соип, баролна тӏекхаьчна, хьалатасавелча тӏекхеттачу жӏаьло, пхьид йолччуьра ност лаьцна, охьавожийра. Ност дӏа а хецна, жӏаьла шуьйра бага а гӏаттийна, къамкъарг лаца чукхоссаделча, шен берриг ницкъ гулбина, деган ӏайге шаьлта йахийтира цо. Жӏаьла, гӏийла ӏанцӏ дина, охьа а доьжна, мийраш а хьаькхна, дӏатийра. Сихха схьайаьккхина шаьлта батта а йоьллина, чирах хьалатасавелира Соип. Амма жӏаьлин кӏомсарш йаханчу настаро аьллар ца дора. Тӏехула тӏе, хӏара кевнна тӏе а ца нисвелира. Ша тилавеллийла хиъна Соип, йуха а ваьлла, дӏасахьаьжира. Ков аьтту агӏорхьа дара. Гӏогӏ текхош, цигахьа дӏахьаьдда иза цхьана чӏогӏачу куьйго вортанна тӏера дӏалецира. Хаьара, хӏинца вен ца вехь а, лечу хьола тӏе валлалц шена йеттар йуйла. Иштта лецна бераш дойъий йа, йеттий, эрчадохий карадора. Валарх а, йеттарх-м а ца кхоьрура Соип. Цул тӏаьхьа нанас хӏун дийр ду? Иза-х йалла йоллу.