Метта кӏегар ца хаало. Цунна хи дала а, цӏано йайта а стаг ма хир вац. Иза тойала там бара, хӏара кемсаш кхаьллича…
Цӏеххьана тохавелла, туркочун карара а ваьлла, акха цициг санна, дера шаьлтанца чукхоссавала кийчча, баролах букъ тоьхна, дӏахӏоьттира Соип. Нияз-бейс шена тоха хьокха айъича, шаьлта ластийра кхо. Амма иза цо дуьхьаллаьцначу хьокханах кхийтира, Соипан пхьаьрсе зуз хьодуьйтуш. Йуха шаьлта ласто кхиале, коьртах кхеттачу хьокхано вожийра…
Кхузахь гӏовгӏанаш йевлча, хьаьдда схьавеана Узун-боба Нияз-бейна тӏенисвелира, шаьлта карахь иза шен жӏаьлина гонаха хьийзаш.
– Бей-эфенди, хӏун ду кхузахь хилларг? – хаьттира цо.
– Хӏун ду? Хьо кӏилло малонча хилар ду-кх, – оьгӏазе човхийра иза вукхо. – Са дӏадаьлла. Оццул нисделла жӏаьла. Кӏеза долуш эцнера ас хӏара ши лира а делла. Неӏалт хиларан карах дели-кх. У, атабсыз ит оглы!
– Хьан дийна хӏара?
– Оцу нохчочо, – цӏеша вуьзна ӏуьллучу Соипна тӏе пӏелг хьажийра Нияз-бейс.
Узун-бобина хӏинцца бен ца гира иза.
– Тӏегӏой, хьажал, цунна хӏун хилла, – омра дира Нияз-бейс.
Узун-боба, ларлуш тӏе а вахана, шен беха букъ саттийна, кӏантана тӏе охьатаьӏира. Кӏант меттах ца хьара. Дӏаӏоьттина куьг тӏуьначу чоьшна йукъа дахара. Кагйинчу коьртан туьтанах чу куьг диллал йоккха чов йара. Узун-бобас меллаша карчийна аркъалваьккхира кӏант. Озачу йуьхьа тӏера цуьнга хьуьйсура, ангали санна, хӏиттина кегий бӏаьргаш. Некха тӏе лерг диллина, лазийначо садоӏийла хьаьжира Узун-боба. Ца доӏура. Дӏа меттахъхьадича, дегӏа чуьра са дӏадаьллийла хиира цунна.
Узун-бобин къамкъарге шад хӏоьттира. Къеначу бӏаьргаш чохь гулделла хиш, лешаш, халонаша аьхначу йуьхьа тӏехула охьадуьйладелира. Оцу минотехь цунна хьалхахӏоьттира цуьнан хенара шен кӏентан кӏант. И санна, жима, оза. Тӏаьххьара оьрсашца хиллачу тӏамехь веллачу шен цхьаъ бен воцчу кӏентан висина цхьа кӏант. Бежана санна, схьа а лаьцна, хьалха а ваьккхина вигна, тӏамехь вийра цуьнан кӏант. Хьенан, стенан дуьхьа? Къеначу Узун-бобина-м ца оьшура и тӏом. Цунна-м бӏаьрга а ма ца гинера и оьрсий. Йа Узун-бобин а, йа цуьнан кӏентан а ма дацара цаьрца декъа а, даккха а хӏума.