дерриг а, – са ца туьйра ненан.
– Ма кхера, нана. Со могаш-дийна цӏа воьрзур ву хьуна.
Нагахь со хьелахь, са ма гатделахь!
Воккхачу стага санна, йезза гӏулч йоккхуш, тоьланаш йуккъехула дӏавоьдучу кӏантана тӏаьхьахьаьжжинчохь йисира Хеди.
– Везан Дела, ларвелахь иза! – Деле кхайкхира иза. – Айхьа суна цхьаъ бен ца велла кӏант ларвелахь. Дац-кх сан и доцург хӏума. Веза Дела, хьан кара, пайхамарийн, устазийн кара вели-кх ас иза. Шу орцах довлалаш цунна…
Оцу тӏаьххьарчу баттахь, мацалло лоьллуш, дукха кхирстинера Болат кху ламанца. Амма цкъа а, тахана санна, некъ ца тайнера цунна.
Кху суьйранна дуьххьара дайделира цуьнан дог. Цхьа хаза там бора цунна йазйеллачу керарчу чӏижалго а, четахь декачу ткъех бӏаро а.
«Дела къинхетаме ву, – бохура цо шега. – Дала аьтто бийр бу сан наний, йиший хене йаккха. Ма хазахетар ду-кх Човкина…»
Да дӏа а воьллина, цӏа вирзинчул тӏаьхьа цӏеххьана, шена а хаалуш, хийцавелира Болат. Хӏетталц цунна цкъа а дага ца догӏура шайн доьзалан а, кхуза гулделлачу адамийн а кхолламан ойла йан. Дерригенан ойла йийриг а, гӏайгӏа бийриг а да вара. Ткъа Болат, шена хилча – йууш, ца хилча – меца туьпахулий, гондӏарчу лаьмнашций кхерсташ лелара.
Дел тӏаьхьа синтем байра цуьнан. Хӏетталц цуьнан терго ца хиллера ненан коьртан къежйеллачу месийн, чуэгначу беснийн а, дуткъаделлачу логан а, букархьаьвзинчу букъан а. Хӏетталц цуьнан терго ца хиллера жимачу йишин гӏайгӏанах буьзна тӏехтуьйсучу ӏаьржачу бӏаьргийн. Да веллачул тӏаьхьа делакъажар дицделлера Болатан балдашна. Ца йогура бӏаьргаш чохь хьалхалера жималлин цӏе а. Хӏинца иза, воккханиг санна, вевзарг цомгаш хиллехь, цуьнга хьажа а воьдура, шен ницкъ кхочу гӏо деш, вон-дикане а хьийзара. Жима дог доруш, доттуш шегахь бала белахь а, нийсарошна тамана хабар дийца а гӏертара.
Вон дара Болатан гӏуллакх. Цуьнан йуьртахой, гергарниш берриг бохург санна беллера. Биснарш башха хӏокхуьнца гӏуллакх дерш бацара. Хилча а, хӏун дара иза. Хӏор а воллура ца вала гӏерташ. Нахана гӏо дечохь вацара цхьа а. Ткъа Болат мел къонах хила гӏертарх, ницкъ бац цуьнгахь шен наний, йиший кхаба. Нагахь оцу туркойн инарло, шен эскаршца йуха а веана, кхузара