кхин а дӏахьовсадахь, уьш муха гӏур бу? Цера-х йа говр а, йа сту-ворда а дац.
Гӏелйелла кӏелйисина йолуш лаьтта нана а, йиша а. Нагахь мухха кхаьчна а дӏакхачахь, цигахь хӏусамаш а муха йан йеза, латта лахь, иза дуьйш-дерзош муха лело деза? Нагахь наний, йиший лахь? Аьрзуй, Маккхаллий кхузахь мел ву-м, гӏортор йара цуьнан. Нагахь цаьршинна цхьаъ хилахь?..
Малх дӏабуза регӏа тӏе лахбелира. Деха ӏиндагӏаш дийшинера ломан когашка. Ломара йуьрта охьалоьхкура бежанаш, уьстагӏий, гезарий… Цӏехьа мел гӏоьрти, ӏоьхура уьш. Царна дуьхьал ӏоьхура эсий, буьхьигаш, ӏахарий. Оцу гӏовгӏано Болатна дагатесира генахь бисина даймохк, вина йурт…
Туркойн йуьртахула чекх ца вала, шена хьаьвзаш доллушехь, гатесна дӏахьаьвзира Болат. Йуьртан лахахула бехачу берда кӏелхула гӏашлойн новкъа воьдучу цунна хьалха кӏохцал-коьллийн боьлакна тӏехула хьийза хьаргӏанаш гира. Коьллаш йуккъе охьаховша лахлуш, йуха а, цхьана хӏумано къахкайой, хӏаваэ хьалаийъалуш, диттийн баххьаш тӏе а хуьйшуш, охьахьуьйсура уьш.
Герга мел гӏоьрти, жӏаьлийн летар, йетта кӏомсарш а хезира.
Болатна хаьара, меттигерчу бахархоша цомгаш хилла къен делла шайн бежана эвлал ара дӏакхуссийла. Къей, цомгаш даларрий хьехочохь боцчу наха иштта дӏакхоьссина карийнарг, шаьш тӏекхаьчча, къайлаха туьпа а йохьий, йуура. И хьаргӏанаш йайча, жӏаьлеш лета хезча, хазахийтира Болатна. Хьанна хаьа, селхана-тахана дӏакхоьссина бежана-газа хила а мегий иза-м. Дукха вон хилаза делахь, кӏедочуьра даьккхина жижиг хьур дара-кх. Наха санна, лачкъийна. Бода боллалц кхузахь а ӏийна. Цхьанна гича, хаза хир дац. Хьенехан кӏант къейелла хӏуманаш йууш ву, бохур ду.
Жӏаьлийн гӏовгӏа дукха дера а хетта, элхьамчан гӏаж йаьккхина, тапчин лергара молха а теллина, берда кӏел хьалагӏоьртира Болат. Иза гергакхаьчча, «пхьакх-пхьакх» аьлла айъайелла, хьуьнехьа дӏайахара хьаргӏанаш. Лахо ваьлча, Болатна гира шайн хӏонсана гена-гена хиъна ӏен масех жӏаьла. Лаьттах, диттах гӏаж тоьхна, царна хичаш йира Болата. Жӏаьлеш дегаза дӏадевлира. Коьллаш дӏаса а тоьттуш, масех гӏулч хьалха тесначу Болатан дегӏе зуз хьаьдира, коьрта тӏера массо чо, кӏохцал