Ӏелин бӏаьргех кӏез-кӏезиг лешаш ӏийдалу хиш, беснеш тӏехула охьа а хьаьлхаш, можалахь къайладуьйлура. Мархетна уьш гарна кхоьруш, охьа а таьӏна ӏара иза.
– Дала мукъалахь, толур йу хьо, Мархет. Хӏокху йалх беран дуьхьа а, хьо ца тойелча йиш йац. Амма ӏожалла вайна тӏаьхьа а хӏоьттина лела. И де тхаьш дийна а долуш дагӏахь, ас дуй боу-кх хьуна, хьан весет кхочушдан.
– Дела реза хуьлда хьуна, ӏела! Ма ӏе, дӏагӏо. Дукъара цӏа веана, кӏадвелла хир ву хьо.
Кхидӏа цомгашчуьнца къамел дан ницкъ боцу ӏела, цуьнан ӏодика а йина, аравелира.
– ӏосас хӏун бохура хьоьга, Васал? – хаьттира ӏелас, ша хиъначохь луьлла уьйзуш кетӏахь ӏачу цуьнга.
– Шена кха дохка, бохура.
– Ахь хӏун эли ткъа?
– Духкур дац, эли, ала-м. Амма, хӏун дер, хаац. Тӏейогӏучу гурахь йухалург цхьа гали хьаьжкӏаш йеанера ас цуьнгара. Йа уьш, йа кха ло, боху, шена. Таро йоьхна ву со.
– Айхьа хьаьжкӏаш дӏалур йу, ала.
– Ас мичара ло цунна уьш? Со-х тховса берашна сискал йан а цинц боцуш ву.
– Воха ма воха хьо. Вайн рицкъанаш Делехь ду. Наха дӏатесна вуьтур вац хьо.
…ӏела цӏавирзича, йуург кийчча лаьтташ йара. Очакх тӏера схьаэцна боккха цӏеста йай цӏенкъа а хӏоттийна, тӏера негӏар дӏаайъира Айзас. Чухӏоьттинчу кӏуьрах дӏауьйш, чоме ӏаь йаьржира. Дас шена бина дечиган жима мӏара а эцна, йена гонаха хьаьвзира ӏумар.
– Саьрамсекх аьттий ахь? – хаьттира ӏелас Айзега.
– Аьтта.
– Шина кӏантана цхьа-ши хьалтӏам йитий, и йай берамца Васалгӏарна хьохьа.
Айза цецйелира.
– Вай хӏун до ткъа?
– Вай охьадуьйшур ду-кх. Кху дуьненахь мел долу даар хиларх, кхаьллина хӏума кийра гӏур дац-кх суна.
Айза, кхин йист ца хуьлуш, берам чохь дечиган кад тӏехӏоттийна йай а эцна, арайелира.
Йилхина ши бӏаьрг цӏийбина, цхьа ах сахьт далале йухайеара иза.