«…Муьлш бу кхузахь пурстоьпаш шаьш?
Иэхь, оьздангалла хӏун йу, ца хууш, амма
карахь дерриг ӏедал долуш, бодане нах
бу… Цара хӏитто йуьртдай а хуьлу оьздангаллех
боьхна, халкъо шен йукъараллех
хадийна даххаш. Хьалха къуй, зуламхой,
айкхаш хилла нах…»
Я. Абрамов
Дийнахь сарралц болх бина йуьртахой, шайн къуьданаш дӏа а байъина, хьалххе охьабийшинера. Тӏедогӏучу шаро жимма а рицкъа дохьур ду аьлла догдохийла йерш, мерза ойланаш йеш, набарх булура, ткъа важа дукхахберш, боьхначу аьттоно наб кхета ца буьтуш, бекъачу метта керчаш, ца йогӏу наб кхетийта гӏертара.
Амма йуьртден ӏосин цӏенойн кораш, даим а санна, серладевлла гора тховса а. Оцу йуьртахь цуьнан, Шаьхьбин, Хортӏин, Товсолтин а цӏенош бен дацара тхов тӏе гериг йиллина а, корашна ангали тоьхна а. Оцу веаннан цӏенош чохь бен ца догура ангалин шиша долу мехкадаьтта даго чиркхаш.
Ӏосин хӏусамехь хьеший бара тховса а. Дилхалахь, лоха Шахьбий, векъана, гӏуркх санна, веха Товсолтий, поппаран терхи тӏе даржийначу къорзачу истангаш тӏе а хиъна, йуучух тӏаьххьара кадетташ воллура. Даьттан чохь гӏорийначу чӏепалгашка наггахь сутара бӏаьргаш хьажабора шина хьешо, амма уьш цкъа дӏакхалла а гай чохь меттиг бацара.
Миччахьа а адам цхьаьнакхеттачохь саццаза жайнин хабарш дуьйцуш амал йара Шахьбин. Нахе хаьттича, цул суьпий, цуьнга шега хаьттича, цул воккхий ӏеламстаг вацара, Яьссин тогӏица хьовха, йерриг Нохчмахкахь а. Амма, тховса санна, шаьш кхоъ цхьаьнакхеттачохь йуучунна тӏекхевдаш, иза хьалхара дӏаоьцуш бен, цкъа а Делан цӏе ца йоккхура цо. Хӏинца а воллура иза, даьтта а дуьллуш, шура а тухуш кечдинчу гӏалмакхан чайнах наггахь къурдаш а деш, ша хьуьжарехь доьшуш волуш мехкаршца шаьш лелийна синкъераме гӏуллакхаш дуьйцуш.
– Тхан моллин ши зуда йара, – дуьйцура цо. – Цхьаъ, шега хьаьжжина, къена, важа – иштта, тхан хеннара жима стаг. Хӏокху къанйеллачу бажах цуьрриг самукъа ца долу жимахйерг даим а тхоьга бӏаьргаш къерзош бен ма ца ӏара. Сайн накъостел аьрхо волу со гӏуллакх долуш а, доцуш а сих-сиха моллагӏаьрга оьхура. Эвхьаза забарш йара суний, оцу зудчунний йуккъехь, амма цкъа а цунах куьг ца ӏоьттинера ас.