И хууш лела колхозникаш. Цхьадика, бӏаьстенна ден хӏу а кхоччуш долуш ду. ӏаьнна кӏел йалта а дӏадаханчу шарахьчул шозза алсам дийна. Гӏуллакхаш дукха ледара-м дацара кхузахь, амма дагна синтем бац-кх. Цуьнан садууш деккъа ши хӏума ду: тӏом толамца сихха чекхбаларе сатийсар а, кхузарчу нохчийн кхоллам а.
Николай Кузьмича гӏайгӏане бӏаьрг кхарстийра чухула. Дерриге а хьалха санна ду. Цуьнан белхан стол, пуржинаш ара а лилхина лаьтта тиша диван а, диъ гӏант, тӏе книгаш йоьттина лаьтта этажерка а. Пена тӏера схьа цуьнга хьоьжу Ленинан хьекъале ши бӏаьрг. Суьртана лахахула дӏатоьхна дуьненан политически карта.
Цкъа ойла хилира цуьнан, йуьртсоветехула а ваьлла, колхозан конторе ваха. Амма арахь тӏедеттачу догӏано мало йойтура. Ишттачу кхоьлинчу дийнахь карзахйолу цуьнан сакхат ност. Оцу настаро цунна дагаваийтира Маил. Тӏаьххье бӏаьргашна хьалха схьахӏоьттира цо хӏинцца дӏахьажийна миска ши зуда. Ткъа маса бӏеннаш хир бу уьш оццу хьолехь! Хьанна хаьа, Казахстанан доза доцчу шуьйрачу аренашкахула, киргизийн лаьмнашкахула, дуьне мел ду а дӏасабаржийна нохчий цигахь мича хьолехь бу?…