Амма генадаьлла-кх и дерриге а. Тахана кхайкхина районе йигна Анастасия Федоровна оцу хьокъехь йигна хиларе догдоху йуьртан куьйгалхоша.
«Амма, дерриге дуьне шайна дӏа а делла, миччахьа а цхьанхьа баха охьаховшорах, нохчашна гур бац и бахам а, шаьш хьоьгу дика а. Царах хӏораннан а дага тӏехь ирча, луьра чов йу, церан дегнаш лозу. И чов йу дийнначу халкъан дага тӏехь. И чов йерзалур йац лоьрашка а, ахчанца а, дохнашца а. Кхузарчу бахархоша догъэцаро жимма маслаӏат до церан лазамна. Амма лазар дӏатуьйр дац, оцу тӏе мо хьаьвзар бац, уьш биначу лаьмнашка йуха ца берзийча. Цигахь ду церан дарба», – ойла йора Николай Кузьмича.
«Хӏун бехк баьлла царах?» – лерехь декара оцу дуьззинчу шарахь хаддаза цуьнан хье охкуш долу хаттар.
Хаац…Хаац… Оххӏай, мел дукха ду-кх цунна къайле хилла дисина гӏуллакхаш!
Карлайуьйлура къона хан, студенчески шераш, эскарехь гӏуллакх деш хилла машаре шераш.
Университетски аудитори. Иза а, кхин а бӏеннаш а студенташ ладоьгӏуш бу гӏараваьллачу профессоран лекцега. Царна веза, цара лоьру и профессор. Иза дика стаг ву, цо берриге а шен ницкъ а, хаарш а схьало къоначу тӏаьхьенна. Иза коммунист ву, партин тешаме кӏант. Иза иштта хиларх шек вац цхьа а. Амма цхьана дийнахь и профессор балха ца вогӏу. Ца вогӏу шолгӏачу а, кхоазлагӏчу а дийнахь. Тӏаккха царна хеза иза… партина дуьхьал, даймахкана йамарт, халкъан мостагӏ хилла бохуш.
Хьовсийша цкъа? Ма ӏовдал а хилла уьш! Денна шайна хьалха лекцеш йоьшуш, шайца къамел деш хилла и къоьжа профессор халкъан мостагӏ хилар ца хиъна царна! Делхьа, ма хууш хилла цунна шен йамарт дог лечкъо, ма саьхьара стаг хилла иза. Империализман агентуро ӏамийна хилла-кх!
Кхин. Гӏаларчу берриге бахархошна дика вевза республикин, партин куьйгалхо. Шира большевик. Паччахьан тюрьмехь а валлийна, ссылкехь а ӏамийна. Амма иза кхеро, цуьнан дог-ойла харцо ницкъ ца хилла цкъа а. Кхаа а революцехь дакъалаьцна цо. Шен берриге ницкъ дӏабелла цо советски пачхьалкх чӏагӏйаран дуьхьа. Мацахлерчу слесарх хӏинца гӏараваьлла партийни а, пачхьалкхан а деятель хилла. Цхьа а шек вац цуьнан дерриге дахар тӏехь цхьа а томмагӏ доцуш цӏена хиларх.