Амма…
«Амма, хӏунда ваьккхина и воккха стаг махках? – хоьттура цо шега, воккхачу стаге а хьоьжуш. – Хӏан, партийни, советски, тӏеман куьйгалхой-м империалисташа шайна пайденна хӏаллакбайтийтина хила а тарло. Ткъа и миска халкъаш махкахдахарх хьанна пайда хир бара? Пайда, пайда… Хьанна хаьа, кхузахь а хила тарло империалистийн лехамаш. СССР-н халкъийн доттагӏаллех, цхьабарт, цхьанийса бакъонаш, дахарехь цхьа ӏалашо, цхьа идеяш хиларх ца йоллу ткъа советски пачхьалкхан йохалун йоцу чӏагӏо? И барт, и доттагӏалла, и цхьаалла йохаре сатуьйсуш, даррехь а, къайлах а цуьнан бух ахка гӏерташ бац ткъа империалисташ? Шайн куьйга масех къоман автономи а йохийна, и халкъаш махках а даьхна, бехк советски ӏедална, коммунистически партина тӏе а теттина, изий, важий дуьненна хьалха сийсазйан ӏалашо йолуш дина-те цара иза? Йа советски халкъашна йуккъе мостагӏалла дожо ӏалашо йолуш дина-те? Йа гитлеровски фашизман гӏаддайначу муьрехь и къаьмнаш махках даха меттах а хьадина, советски эскарийн букъа тӏехьа гӏаттам хилийта ӏалашо йолуш дина-те? Къастийнарш а ду, шайн исторически дӏадаханчуьнга хьаьжча, тӏе бехк кхолла а, оцу бехках кхин долу халкъаш теша а атта дерш. Иттаннаш шерашкахь паччахьан Россина дуьхьал къийсам латтийна нохчий. Мацах цкъа оьрсашна тӏехь олалла латтийначу татарех, монголех схьадевлла балкхаройн, кхарачойн, гӏалмакхойн халкъаш а.
… Хӏан-хӏа, ойлайарх тӏаьхьакхуьур вац оцу гӏуллакхна. Корта хьербер бу. Амма оцу харцонна бехкениг милла велахь а, ша дагалаьцнарг цуьнан кхочуш-м хир дац. Дуьненахь ницкъ хир бац советски халкъийн барт, доттагӏалла, цхьаалла йохо, халкъан партега болу тешам байъа, и шиъ вовшахкъасто, партин сий дайъа. Партис шен съездехь, шен ЦК-н пленумехь ца хӏоттийна, ца чӏагӏдина уьш махкахбахаран гӏуллакх. Амма, мацца а цкъа, и харцо нисйеш, и гӏуллакх дийцаре дуьллур ду съездехь. Оххӏай, ма чӏогӏа а дуьйцур ду, ма неӏалт а кхайкхор ду бехкеволчунна. Къаьмнийн хьокъехь йолчу ленински политикин толаман деза де хир ду иза. Цунах теша со а, со санна долу миллионаш советски адамаш а!»