Николай Кузьмична ца хаьара нохчий а, гӏалгӏай а махках бохуш йиначу операцина тӏехь куьйгалла динарг Сталинан уггар тешаме доттаг1, гергара накъост, «халкьан сийлахь кӏант» Берия хилар.
Больницера араваьлла ӏалха цхьа сту боьжначу салазахь дакъа дохьуш вогӏучу ӏабдул-ӏаьзамна а, гӏиргазойн воккхачу шина стагана а тӏенисвелира.
ӏабдул-ӏаьзамна хазахийтира ӏалха гича.
– Эхӏ, ма дика ду-кх, ӏалха, хьо тӏенисвелла. Миска Аюб ву оха цӏа валориг. Лома кӏел некъа йистехь велла карийна хӏара. Дӏаволла накъостий мичара хир бу-те бохуш, ойла йеш вогӏура со. Цхьадика, Муса а ву хьоьца-м. Вадал, чехкка, миччахь велахь а, схьакаравай, Межед а, ӏела а схьавалавел. И шиъ воцург, кхин дегӏехь ницкъ болуш боьрша стаг вац йуьртахь. И шиъ охьавожахь, айса хӏун дер хаац. Лоьма а, Берса а лаха. Роггӏана каш доккхур аш.
Аюбан ши кӏанттий, ши йоӏӏий дара. Кӏентий – зударий а, доьзалш а болуш, шайн ков-керт йолуш, ткъа йоӏарий – луларчу йарташкахь марехь. Гуьмсехь эшелонаш тӏе бохуш, цхьацца эшелонна тӏе а баьхна, вовшахкъаьстина доьзал а. Ши кӏант Ош областехь цхьацца районашка нисвеллера, ткъа ши йоӏ мичахь йу ца хаьара. Ши бутт хьалха хӏусамнана а йелла, ша висинера Аюб.
Кху йуьртахь гӏиргӏазойн цӏенош билггал дара. Поппаран хьокхамех доьттина пенаш, легӏана, цхьана агӏор хи додуш, латта тӏетесна тхевнаш. Цхьаццанийн цӏа чохь пенаца хьала шуьйра товха хуьлура, ткъа дукхахболчара, цӏенкъа йуккъехь кӏаг а боккхий, оцу чохь цӏе а латайой, цунах алу йаьлча, гонаха мотт буьллий, когаш корехьа а болуш, цунна гобоккхий охьабуьйшура. Цӏенкъа йуккъехь йогучу цӏеран кӏур, цӏа чухула го туьйсуш хьийзий, тховх дитинчу доккхачу ӏуьргехула араболура.
Цӏа арахула а, чухула а поппарца кхарта-муртане хьохура, амма йа кир а, йа кӏир а ца тухура. Колхозаш йахккалц хӏокху Покровкера дукхахболу гӏиргӏазой йарташкахь ца бехаш, лаьмнашкахь четарш детташ, шайн жашца цхьанхьара кхечахьа кхелхаш, леллера, цундела дара церан цӏенош иштта мух-мухха а дина.
Аюб чувахьале, цӏа чуьра хьал муха ду хьажа чувахара ӏабдул-ӏаьзам а, ӏалха а. Аюбан йоккхачу стага, пенаш шардеш поппар хьаьхна, можа гӏум хьаькхна, цӏена дара цӏа. Цӏенкъа а поппар хьаькхна шера йара.