Суна пис, тӏуьйлиг аьлларг гучувала, ша боьрша велахь. Овхьад, сан исс бер ду. Кертахь хьайба дац. Ирзо тӏера даьлла йалта ӏаьнах довла а ца тоьу тхуна. Россерчу хьолахойн бахамашна гӏаролла дан ваханчунна ахча а, говр а, тӏедуха-когадуха а ло аьлча, сайн доьзалан ойла йина, цига ваха резахиллера со. Амма, иза ахь ма-дуьйццу дуйла, ца хаьара суна. Со кхетта хӏинца. Тхайн кертарчу итт адамца тховса мацалла лийр велахь а, со гӏур вац цига. Иза ду сан тӏаьххьара дош!
Тӏевеанчу Дошас къевллина маравоьллира Расу.
– Дела резахуьлда хьуна, Расу. Дала дукхавахавойла хьо. Хьан къонахаллех шек стаг ца хилла йуьртахь цкъа а. Ткъа писаш а, тӏуьйлигаш а вай йерриг а йу. Амма хьан доьзал меца а болуш, тхайнаш буьзна а хир бац. Баркалла хьуна!
– Нагахь санна Домбин Мудар вайн бертаза тражник хилла Росе гӏахь, цунна хӏуй кхайкхош, йуьртах араваккха реза дуй шу? – мохь туьйхира Бӏаьштага.
– Реза ду!
– Реза воцург вуй?
– Цхьа а вац!
– Овхьад, кхин дуй хьан ала?
– Масех дош дисина. Кхечу йарташкарчу наха сардалан а, паччахьан а цӏарах кехаташ йаздина, шайн маршонехьа къуьйсучу оьрсийн а, кхечу халкъийн а гӏовттамаш хьошуш, дакъалаца вайнах йолах салт а, стражникаш а бохуш, Россе дӏакхийларна дуьхьало йеш. Оцу кехаташ тӏехь йаздина, нохчий цкъа а чаьлтачаш ца хилла, хӏокху тӏаьхьарчу шина бӏе шарахь шен маршонехьа турпала къуьйсучу нохчийн къомана дика хаьа маршонан мах, ткъа хӏинца шена тӏехь латточу лоллин, ӏазапан, къеллин къахьо а. Массо а къаьмнийн къехой тхан вежарий бу, оха церан цӏий ӏенор дац. Стражникашка йазбелларш къелло бӏарзбина, ӏедало ӏехийна, шаьш кхочушдан дезачу эхьечу декхарх ца кхеташ, бодане, декъаза нах бу. И нах ӏехош, тхан вежарийн цӏий ӏенадайта Россех дӏабига гӏертар сацаде. Нагахь санна шу реза делахь, изза аьлла кехат вайн йуьртан цӏарах а йаздийр ду вай.
– Реза ду тхо!
– Керстанаш белахь а, цигарнаш а бу, вай санна, цхьа пекъарш!
– Иштта дӏайазде ахь, Овхьад!
– Дуьхьал вуй цхьа а?
– Вац! Берриг а реза бу!
– Хӏета, и цхьа коьрта гӏуллакх чекхдели вайн. Бӏаьштаг, шун кечам муха бу? – хаьттира Овхьада.
Бӏаьштага шен хаза тодинчу даккхийчу ӏаьржачу мекхех дай куьг хьаькхира: