– Делахь, Овхьад, кечам болуш бара вайн. Амма суна кхин цхьаъ дагадеънера. Делкъан ламаз дина наха, гондӏарчу керташка а бахана. Нах делкъе йанза меца бу. Малхбузу ламазан хан а тӏекхаьчна. Суьйранна цӏахь гӏуллакхаш а ду нехан. Оцу овголашца кхаж таса долахь, буьйсанга гӏур ду вай. Куьйгаш а ойуш, харжа вай и ваьш билгалбина нах?
– ӏаламат дика хир ду. Иза дан реза дуй алий, хаттал нахе.
Нах, баккхийбеш, резахилира.
– Хӏета, Саьӏад йуьртда, ӏабди писар, Хьуьси, Панта-Хьаьжа, Инарла йуьртан къаной харжа резаволчо куьг айал.
Масех стага хьалалаьцна куьйгаш дагардира Бӏаьштага.
– Цаьргахьа куьйгаш айъинарг шийтта ву. Хӏинца Ахьмад йуьртда, Солта писар, Аьрсамирза, Доша, Лорса къаной харжа реза болчара куьйгаш айал.
– Цхьа хӏума хатта лаьара суна, вай куьйгаш айале, – элира тобанна йукъарчу цхьаммо. – ӏела а, Овхьад а оьрсийн а, ӏаьрбийн а йоза-дешар а, меттанаш а хууш, дуьне а девзина, хьекъал а, доьналла а долуш ши стаг ву. И шиъ хӏунда вац вай хоржучарна йукъахь?
– Цаьрца къамел хиллера тхан, Бета, – жоп делира Бӏаьштага. – ӏелас, ша къена ву, шен могашалла дика йац, ткъа Овхьада, шен хӏокху йуьртахь сецна ӏойла хир дац, элира тхоьга. И шиъ йуьртан урхалле вай цахаржарх, царах дагадийр ду вай. Хӏинца ас цӏерш йаьхна нах йуьртан урхалле харжа резаболчара куьйгаш айал.
Бӏаьштага шозза дагардира наха айъина куьйгаш. Шен веа накъосте а дагардайтира. Тӏаккха жамӏаш кхайкхийра цо:
– Йуьртахь куьйган бакъо йолчу виъ бӏе везткъа стагах цхьаберш цӏера бевлла, дикане-воне бахана а, цомгаш цӏахь бисина а, хӏинцца кхузара дӏабахна а кхузткъа стаг ца вагарвича, кхузахь виъ бӏе ткъа стаг ву. Царах шийттаммо Саьӏадгӏаьргахьа куьйгаш айъина, виъ бӏе бархӏаммо Акхболатан Ахьмад йуьртда, Солтханов Солта писар, Абкархьаьжин Аьрсамирза а, Султахьаьжин Доша а, Маӏазин Лорса а къаной хаьржина. Вайн барт ма-хиллара, оццу куьйгашца Маӏазин Лорса йуьртан молла а, къеда а хаьржина. Хӏара харжамаш нийса хиларх шеко йолуш вуй цхьа а?
– Вац!
– Хӏета, Лорса, доӏа а дай, дӏаберзабел вайн болх.