Революци хилале хьалха ламанхой ӏала́мат ирчачу, халачу хьолехь бара. Уьш законна арахьа латтабора, уьш разбойникаш лорура, ламанхо вийнарг законо жоьпе ца озавора, ӏедална кӏеззиг а дуьхьало йинчу йуьртана луьра таӏзар дора.
Г. К. Орджоникидзе
Эрна къастийна ца хилла Шемала мацах цкъа хӏара Ведана шен имаматан коьрта шахьар, ткъа тӏаьхьа паччахьан эскарийн командованис Нохчийчоьнан уггар карзахечу, къармазечу декъан – Нохчмехкан – администрацин туп а.
Ша лаьмнашна йукъахь йелахь а, амма шуьйрачу, нийсачу экъан тӏехь ӏуьллу иза. Малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбехьа а – кхаа агӏор цунна го бина лаьтта къеначу хьаннаша хьулдина лекха лаьмнаш. Бӏаьсте тойелча, хетало, оцу лаьмнашна тӏе цхьа доккха, кӏужалш хьийзина, баьццара холхаз тесча санна. Тӏулгийн тархех схьадуьйлу бӏеннаш шовданаш, лаха мел довлу татолашка а гуллуш, стамлой, Хулхулон чӏожа а доьрзий, чхернаш тӏехула кхийсалуш, чопаш туьйсуш, цинцийн дарц детташ, бурош хьийзош, карзахечу говрах тера чехка малхбузехьа, Нохчийн аренга, довлу.
Оцу къеначу, йуькъачу хьаннаша а, шийлачу шовданаша а, лаьмнийн баххьашкахь даим дӏа лаьттачу лайно а аьхкенан уггар йовхачу хенахь а цхьа дегӏана тамехь, цӏена, могаш хӏо латтадо кхузахь. И шовданаш а, хиш а хуьлу дукха сирла, цӏена, шийла хиларна, сийна йа ӏаьржа бос а бетталуш.
Ӏаламан исбаьхьаллел сов, доккхачу стратегически маьӏне а йу хӏара меттиг. Кхузара дӏа бу цхьацца а бен боцу биъ некъ: къилбаседа Нохчмахка а, къилба-малхбузехьа Чӏебарла а, къилба-малхбалехьа Дегӏастана а, малхбузехьа, Хулхулон чӏожахула охьа Нохчийн аренга а.
Хӏокху Веданна гена боццуш бехаш бу хьалха заманахь дуьйна цӏарна а цӏейахана даьргӏойн а, жугӏуртахойн а герзийн пхьераш, белгӏатойн аьчган а, дечиган а пхьераш а. Нохчмахкахь лаьттан къелла йу. Амма кхузарчу бахархоша, йоӏбӏаьрг санна, лерина ларйо шайн долара лаьттан коржамаш. Уьш, хьаннаш а хьоькхуш, йаьхна цара. Оцу коржамашна тӏе кол йала ца йуьту, жагӏанан биста кхаччалц тӏера тӏулгаш дӏадоху. Ворданашца а, салазашца а, ткъа цхьаццанхьа – галешца а, тускаршца а, гихь а кхоьхьуш, оцу коржамаш тӏе кхелли,