даьгначу дечигах йаьлла йукъ а йаржайо. Хӏокху мехкан цхьа а стом бац кхузахь боцуш. Къаьсттана дукха ду бӏараш. Цӏахь а, бошмашкахь а, даккъашца а, регӏан маьлхан басешца а, хьевхьешкахь а. Амма йалта дац-кх церан. Адаман дахаран и коьрта рицкъ. Оцу шайн лаьттан коржамаш тӏера даьлла йалта а, цанаш тӏера даьлла докъар а бӏаьстенга бовла а ца тоьу. Цанаш а, дежийлаш а кӏезиг хиларна, даьхнилелорна цхьа доза ду. Хьалха цӏахь бина цхьацца пхьоланийн гӏирсаш а, баккхалш а йухкура цара. Хӏинца дӏадаьлла цаьрца тӏедогӏу рицкъа а. Хӏокху йарташка Россера промышленни товараш кхоьхьу кхузарчу а, аренгарчу а совдегарша. Уьш дорах а, эвсаре а хуьлу, цара сий дайъина меттигерчу пхьерийн.
Оцу къелло а, мацалло а, ӏедалан къизалло а, харцонаша а, цхьа хан мосазза йели, кара герз оьцуьйту кхузарчу бахархошка. Хӏокхеран гӏаттаман оьмар йеха ца хуьлу, иза цӏела карчабо ӏедало. Тӏаккха, цхьа хан а йолуьйтий, жимма ницкъ а ӏаӏабой, йуха а гӏовтту, йуха а къиза хьошу уьш. Кху тӏаьххьарчу ткъа шарахь боккха гӏаттам ца хилла Нохчмахкахь, хӏинца адамаш цхьацца а, кегийчу тобанашка цхьаьнакхетий а гӏуьтту ӏедална дуьхьал, шайна тӏехь латточу къизаллех, харцонех бекхам эца.
1904-чу шеран гурахь цхьана пӏераскан дийнахь Ведана богӏучу беа новкъа адам дара кхуза тӏетатталуш. Ӏаьндойн лам хадош, Дегӏастанара охьа а, Цӏоьнтарахула схьа къилбаседа Нохчмахкара а, Хулхулон чӏожахула аренгара хьала а, Пешхойн ломан гечонах сехьа а буьйлуш, Органах лакхенцарчу йарташкара схьа а. Гӏаш а, говрашкахь-варрашкахь а, ворданашкахь а, гӏудалкхаш тӏехь а. Цхьацца-шишша а, масех стагах, зударех лаьттачу тобанашца а.
Тахана базар йу Веданахь.
Хулхулон чӏожахула хьалабогӏучу некъан татолехь вара европахойн духарца кечвелла шовзткъе пхи шо хенара, йуккъерчу, декъачу дегӏара цхьа некъахо. Цуьнан коьртахь сирачу гатанан картуз, некха тӏехь а, агӏонца а даккхий кисанаш долу сирачу машин тужурка а, оццу басахь исхаран галифе а, когахь гӏеххьачул тишйелла, амма дика эткаш а йара.
Новкъахь цхьаццаммо вордан тӏе хаавора иза, амма ирх хьалагӏертачу стерчашна йа говрашна дукха ницкъ ца бан, жимма настаршка са а доӏуьйтий,