Оцу тӏехь Турченкос шена доккха хьал ӏаӏийнийла, хаьара Зеламхина. Белхаш бечу нохчаша аьрзнаш дора ӏедале, амма уьш цхьаммо а ца толлуш, жоп доцуш дуьсура. Зеламхас, новкъахь дуьхьал а ваьлла, ахча ло, ца лахь, ша вуьйр ву хьо аьлла, кхерам тесира цунна. Турченкон доьзал бацара. Шен карахь цхьа кепек а ахча дац, иза гӏопехь ду, Зеламха цига дӏавагӏахь, ша ахча лур ду, элира Турченкос. Зеламха резахилира. Буьйсанна хӏара дӏавогӏур волу хан билгал а йира. Шаьшшиммо бина барт къайлехь латтор инженере тӏе а лацийтира. Амма Турченкос, ша гӏопе вирзича, и барт дӏа а бийцина, Зеламха лаца кечам байтира. Зеламха ша цхьаъ ца веара цига, накъосташца веара. Турченкос орца олуш мохь хьаькхира. Оьгӏазваханчу Зеламхас иза вийра. Гӏеххьачул кхийсарш а йина, ахча а доцуш, гӏопера арабевлира уьш.
Хаси-Юьртана шовзткъа чаккхарма лахахь, гӏумкийн элийн хиллачу махка тӏехь, вехаш вара хьалдолу жан долахо Месяцев Архип. Оцу оьрсичун, масех эзар уьстагӏал совнаха, дуккха а ахча ду бохуш, хезнера Зеламхина. Аьхкенан цхьана буса, шена а, шен накъосташна а тӏе гӏалагӏазкхийн тӏеман духар а дуьйхина, вахана, цуьнан хӏусамехь Месяцев лецира цо. 15 эзар сом ахча тӏаьхьа даийтахь, цуьнан майра могаш-таза цӏа воуьйтур ву, ца даийтахь, вуьйр ву, элира Месяцевн зудчуьнга. Месяцевца цхьаьна цуьнан йиъ говр а йигира цара. Хӏорш гена бовлале меттигерчу гӏалагӏазкхийн а, милицин а орца даьккхира царна тӏаьхьа. Амма орца тӏенисделлачу кхузарчу йарташкарчу бахархоша хӏорш ца баханчу агӏор дӏахьажадора иза.
Иштта, кхин некъахьовзам ца хуьлуш, Нохчмахка, бенойн махка, кхечира хӏорш. Кхузахь Буццу цӏе йолуш цхьа стаг коьртехь бенойн йоккха тоба дуьхьалйелира царна. Зеламхагӏар шекбевлира царах. Хьанна хаьара, Хаси-Юьртан округан начальнико Ведана хаам а бина, цигара схьа и беной дуьхьалбаьхнехь а. Амма Буццус хӏорш тешийра, шаьш дов даккха а, лата а ца даьхкина, шена Зеламхица къамел дан лаьа аьлла. Шиний агӏорхьарнаш цхьаьнакхетта, йукъаийча, тешнабехкаца цӏеххьана тоьпаш а тоьхна, беноша Солтамурд а, кхо гӏалгӏа а вожийра, ткъа зоьрталчу, бугӏа санна ондачу Буццус тӏекхетта, шен андийчу пхьаьрсашца Зеламха маракъевлира.