Шайна йетта йолийча, беной дӏабевдира, ткъа Зеламхин накъостий, хӏара шиъ вовшех хьерчачохь а витина, шайца йийсархо а вуьгуш, царна тӏаьхьабевлира. Буццу а, Зеламха а, вовшех хьерчаш, керчаш, басех охьа кӏоргачу боьра вахара, хӏетта кхуза кхаьчна Гушмацӏа, хӏара шиъ а ца гуш, герзаш дуьйлучу агӏор дӏахьаьдира.
Дукхазза а ӏожаллина дуьхьал хӏиттинера Зеламха. Ша цхьаъ а, накъосташца а. Ша цхьаъ бӏе мостагӏчунна дуьхьал хӏоьттича а, кхеравалар хӏун ду а, ца хиънера цунна. Ша царна тӏехь толам а баьккхина, кӏелхьарвериг хиларх а тешара. Амма оцу Буццина дуьхьал ша цхьаъ леташ, шен сих дог диллира цо. Туьйранахь вуьйцу наьрт санна, онда а, къиза а, мекара а вара иза. Зеламхин лергаш, мара, караеана массо а меже ийзош, хьийзайора. Бӏаьргаш даха гӏертара. Барзо санна, логах, йуьхьах цергаш туьйсура. Амма дегӏана зоьрталчу Буццел каде вара Зеламха. Берриг а ницкъ тӏегулбина, шен дахарехьа къуьйсура цо. Шен сих тӏаьххьара а дог диллинчу секундашкахь цуьнан аьтто нисбелира, ираллаш йолчуьра схьалаьцна, шен буйнарчу шаьлтанца Буццин логах чов йан. Оцу жимачу чевнах ӏожалла хилира зоьрталчу Буццин.
Пхоьалгӏачу дийнахь шен накъосташна тӏаьхьакхиира Зеламха. Саламбек, Аюб, Абубакар, Зокку, Тӏуьйраг, Саӏид, кхиболу накъостий а, цаьрца Месяцев а карийра цунна Бумтана гена йоццуш цхьана кӏотарахь. Амма Гушмацӏа а, Солтамурд а, кхо гӏалгӏа а вацара. Беноша байъинера уьш. Хӏокхара кхо бено а вийнера. Буццу а, Боргӏа а, Хьамзат а. И пхийтта эзар сом бахьана долуш, бархӏ стаг вийнера. Царна йукъахь Зеламхин да а, ваша а. Беношца мостагӏалла тӏе а деанера. Хӏинца беношна тӏехь ши цӏий дисина бекхам эца безаш. Иза декха деза Зеламхин, ша къонах велахь. Ца декхахь, нахана иза стаг а хетар вац. Цунах а тешна, цхьа а стаг цунна тӏаьхьа а хӏуттур вац. Оцу дийнан ойла йича, цхьа маслаӏат хуьлу Зеламхина. Цунна бехке хӏорш бацара, беной бара. Зеламхагӏеран цаьрца мостагӏалла а, атталла цхьа а тайпа хьагӏ-гамо а йацара. Хӏокхарна дуьхьалбевлларш а, дов долийнарш а, тешнабехкаца хӏокхарех пхи стаг вийнарш а беной бара. Шайн пурстоьпо, оьрсичо, иракара а хӏиттийна, хӏокхарна дуьхьалбаьхна. Тӏаккха вийнера хӏокхара церан кхо стаг. Цунах шена маслаӏат дора Зеламхас.