Разбойна дуьхьал Теркан областан администрацис дӏа мел долийна гӏуллакх кхиамза чекхдолу, хӏунда аьлча иза машаречу бахархошна дуьхьал хьажийна, царна бохаме, церан дегнашна чу керла оьгӏазло йоссош хиларна. Администрацис машаречу бахархойн йарташна таӏзарш до, цӏенош дагадо, салташий, гӏалгӏазкхаший бахархой талабо, бехк-гуьнахь доцу адамаш доьзалшца цхьаьна Сибрех хьийсадо. Цундела сан дехар ду депутаташка, вайн коллегийн лехам бийцаре беш, хӏара ас доцца далийна масалш тидаме эцар а, тхуна, Кавказерчу халкъийн депутаташна, кечам бан ши кӏира хан йалар а, Кавказера туземни халкъаш цигарчу администрацин харцонех, къизаллех лардеш закон тӏеэцар а.
Уггар хьалха трибуни тӏе хьалаваьллачу эла Шеваршидзес йемалйира Кавказан администрацин къаьмнашна йукъара политика.
– Кавказан урхалле гулбеллачу нехан цхьа а тайпа бала бац Россин пачхьалкхан исторически кхолламца. Меттигерчу халкъашна йукъахь мостагӏаллаш кхуллуш, шайн карьерина а, хьарам хьалбахам гулбарна а аьттонаш лоьху цара. Цхьаболчу чиновникаша марсадоху туземцашний, гӏалгӏазкхашний йуккъера мостагӏалла. Туземец вийна, туземцийн зударий сийсазбина гӏалгӏазкхи таӏзарза вуьту. Разбойникашна маршо йелла цигахь! – шен къамел дерзийра цо.
Черносотенцийн «Союз русского народа», «Союз Михаила Архангела» партийн коьрта лидер, оцу шина партин бухбиллархойх цхьаъ, мӏаькваьлла монархист, реакционер, антисемит Пуришкевич Владимир Митрофанович трибуне хьалаволуш черносотенцаша а, октябристаша а, хьала а гӏевттина, дехха тӏараш диттира.
– Господина Гайдаровс ши кӏира хан йехна тхан лехам къасто кечам бан! – оьгӏазе велакъежира иза, зала чухула бӏаьрг а кхарстийна. – Хӏун кечам оьшу господин Гайдаровна? Кавказехь хӏоьттина балхаме хьал керайуккъехь долуш санна, дика гуш ма ду вайна! Воронцов-Дашков коьртехь Кавказан администрацис шена а, Цуьнан императорски воккхаллина а йуккъе кирхьа лаьцна. Цунна тӏехьа а левчкъина, оьрсийн пачхьалкхана кӏел ор охкуш бу наместнико шена гонаха гулбина немцой, полякаш, жуьгтий. Кхаьънашъэцархой, карьеристаш, авантюристаш!