Гуьржийн, эрмалойн, азербайджанийн националисташца, сепаратисташца берта а бахана, цигахь оьрсийн ӏедал дохош бу, оьрсийн бахархой Россе схьалоьхкуш бу! Кавказах дакъош а дина, туркошний, немцошний, англичанашний йохка ӏалашо йу церан. Амма царна моьттург хир дац! Оьрсийн халкъо шен цӏийца эцна Кавказ! Кавказ оьрсийн йу! Цуьнан лаьмнийн баххьашна тӏехь эзарнаш шерашкахь махо ловзор йу оьрсийн байракх! Оьрсийн ши корта болу аьрзу маьрша хьийза йеза Кавказан стигалахула, лаьмнийн баххьашна тӏехула!
Зала чохь маьӏ-маьӏӏехь маьхьарий хезара:
– Оьрсийн пачхьалкхан байракх лаккха айа йеза Кавказехь!
– Туземцаш гора хӏиттийна латто беза цунна хьалха!
– Реза боцурш байъина дӏабаха хӏокху лаьтта тӏера!
Шовзткъе берхӏиттаммо шайн цӏарах коьрта къамел дан кечвинарг кхин вара. Марков Николай Евгеньевич. Черносотенцийн шина Союзан коьртачу лидерех цхьаъ. Помещик-хьолахо, монархист, реакционер. Гӏараваьлла шовинист. Иза трибуне хьалаволуш а дехха тӏараш диттира цуьнан бартахоша. Иза къамелана говза вара. Цхьана куьйгахь пряник, вукху куьйгахь шед хуьлура цуьнан.
– Кавказерчу халкъашца цхьа а тайпа хьагӏ-гамо йац сан. Царна зен-зулам, бохам хуьлийла а, ца лаьа суна. Къаьсттана цигара ламанхой беза а, лера а ӏамийна со Пушкинан, Лермонтовн поэзис. Иштта дог-ойла хир йу аьлла, хета суна Думе лехам беллачу шовзткъе берхӏитта депутатан а. Цундела туземцашка тхан безам бац, оха царна бохам лоьху, уьш махкахбаха йа хӏаллакбан лаьа тхуна бохуш, хабарш дуьйцурш галбевлла. Тхан боккха лерам бу, гуьржашка-м хьовха, эрмалошка а. Амма тхаьш Пачхьалкхан Думин депутаташ хиларе терра, тхешан дегнашца а, дог-ойланца а, догӏмашца а оьрсийн халкъехьа ду тхо. Цундела тхан а, вайн массеран а сийлахь декхар ду уггар хьалха оьрсийн халкъан, оьрсийн пачхьалкхан хьашт-дезарш, сий лардар. Суна хетарехь, Кавказерчу бусалба халкъийн лидерийн ӏалашо йу азербайджанийн, дегӏастанхойн, нохчийн, гӏалгӏайн Цхьаьнакхетта Штаташ кхолла. Оцу хьокъехь Темирхан-Шурарчу гӏараваьллачу хьолахочун, помещикан Казаналипов Асельдербекан шен бартахошца хилла къамел хиъна жандармерин урхаллина.