Цигахула дӏа Йуккъерчу Азе, казахийн аренашка, Поволжье йаьржина уьш. Доцца аьлча, панисламизман ун дерриг дуьненахь даьржина. Панисламизман ӏалашо йу, дуьненара дерриг а бусалба халкъаш цхьаьна а тоьхна, туркойн султан коьртехь а волуш, керста пачхьалкхашна дуьхьал нуьцкъала бусалба пачхьалкх кхолла. Шолгӏа пантюркизман идея йу: нагахь санна и хьалхара ӏалашо кхочуш ца йалахь, туркойн а, российски а бусалба халкъийн цхьа пачхьалкх кхолла. Пачхьалкхан Думехь бусалбанийн фракци кхоллайалар лаа дац аьлла, хета суна. Иза кхоллайалар новкъа дац суна, амма иза оьрсийн пачхьалкхан хьашт-дезаршна болх беш хила йеза.
Марковн къамелана резахилла, дехха тӏараш диттира черносотенцаша а, царна гергарчу октябристаша а.
Тамашийна ду цхьа хӏума. Цхьацца стеган цӏарца тера догӏуш хуьлу цуьнан дегӏ, йуьхь-сибат, аз, къамел, болар, амалш. Гӏалгӏазкхи аьлча, вайна дуьхьалхӏутту шатайпа сурт. Лекха дегӏ, шуьйра белшаш, нуьцкъала пхьаьрсаш, ӏаьржа йа хьаьрса даккхий мекхаш, йуькъа, йеха никӏапа, гӏоргӏа аз, майра хьажар, иштта дӏа кхин а. Ткъа хӏинца трибуне хьалаваьллачу Теркан гӏалгӏазкхийн депутатан Лисичкинан цхьа а амат тера дацара вай сурт хӏоттийнчу гӏалгӏазкхех. Трибуни тӏехьа халла гора цуьнан баккъалла а цхьогалчух тера корта. Йуткъа, йеха йуьхь, ира, беха мара. Мукадехкачух тера цӏен, горга, кегий бӏаьргаш, мекара, хьастаме, цӏогӏане аз.
– Лераме господа депутаташ! Нохчашкара а, гӏалгӏашкара а ах миллион десятина латта дӏа а даьккхина, цига баха охьахевшина аьлла, гӏалгӏазкхий бехке бира господина Гайдаровс. Нохчашкара а, гӏалгӏашкара а латта дӏа ца даьккхина йа гӏалгӏазкхаша а, йа правительствос а. Гӏалгӏазкхаша безчу мехах эцна цаьргара и латта. Маситта эзар гӏалгӏазкхичун корта белла оцу лаьттах. Оцу лаьтта тӏе шаьш баха охьаховшале, цунна тӏе гота йаккхале, иза шайн цӏийца хьандина гӏалгӏазкхаша. Господина Гайдаровс догдилла деза оцу лаьттах. Гӏалгӏазкхашкара цхьаммо а цхьа ге латта дӏа а доккхур дац, даккха гӏоьртича, гӏалгӏазкхаша цхьа ге латта цхьанна дӏа а лур дац. Нагахь санна господина Гайдаровна гӏалгӏазкхий цига муха, хӏунда охьахевшина ца хаахь, иза историга йухахьажа веза.