Хӏумма а атта дацара царна, шайн дай баьхна мохк Россехь дӏатесна, Кавказе а баьхкина, ламанхойн шаьлтанашна а, дӏаьндаргашна а кӏел баха охьаховша. Оьрсийн пачхьалкхан къилбехьара дозанаш акхачу ламанхойх лардан охьахевшина уьш цига. Цундела Пачхьалкхан Думан депутатан Гайдаровн бакъо йац аьлла, хета суна, Теркан гӏалгӏазкхийн бакъонех а, кхолламах а лаьцна кхузахь хабар дийца.
Шен бӏаьргех куьзганаш а доьхкина, кисанара схьадаьккхина цхьа кехат даржийна хьалха лецира Лисичкина:
– Господина Гайдаровс элира, гӏалгӏазкхийн ӏалашо йу нохчий, гӏалгӏай оцу махкара дӏабаха, йа цигахь байъина, шайна новкъара дӏабаха. Гӏалгӏазкхий бац нохчашна ницкъбийраш, ткъа нохчий бу оцу махкахь уьш машаре баха ца буьтурш. Цунна тоьшаллина ас бовзуьйту шуна Червленехь хиллачу гӏалгӏазкхийн гуламан сацам: «Зорбанехула а, округийн начальникашкахула а дӏакхайкхор доьху оха туземни бахархошца гӏалгӏазкхийн цхьа а тайпа мостагӏалла цахилар, царна ницкъ бан гӏалгӏазкхий кечлуш цахилар а. Иза тхуна цкъа а дагадеана а дац, дагадогӏийла а дац. Гӏалгӏазкхашна машар беза. Цундела цхьана шуьна гонаха охьа а хевшина, вовшашка вежараллин куьг кховдоре, хӏокху махкахь бертахь, машаре дахаре кхойкху тхо ламанхошка». Теркан гӏалгӏазкхий барте, машаре кхойкху ламанхошка, вежараллин куьг кхийдадо цаьрга, ткъа ламанхоша тхуна талораш до, тхан адамаш дойу, некъашца дӏасадовла а, кхаш тӏехь болх бан а, даьхни дажо а ца дуьту. Гайдаровс элира, гӏалгӏазкхаша ламанхошкара гӏуданаш доху. Беламе ду цо аьлларг! Гӏалгӏазкхийн бакъо йац ламанхошна гӏуда тоха а, даккха а. Иза администрацин болх бу. Ткъа оцу тӏехь администрацис, цхьа а тайпа озабезам боцуш, нийсо йо. Цхьа тоьшалла даладо ас масална. Яндаркъехь гӏалгӏайн, гӏалгӏазкхийн герзаца тасадалар хилча, уьш дӏасакъасто баьхкинчу салташа шайн пулеметаш шиний агӏорхьарчарна тӏеерзийра. Доцца аьлча, областерчу администрацис озабезам ца бо гӏалгӏазкхашкахьа.
Гайдаровс председателе дехар дира, масех дош ала шена бакъо йоьхуш:
– Господин Лисичкин нийса ца кхетта гӏалгӏазкхех лаьцна ас аьллачух. Ламанхошца мостагӏаллина ас берриг гӏалгӏазкхий бехке ца бо.