Ткъа къармазечу Нохчийчохь кхечу цхьана а колонехь доцу шатайпа къиза законаш а, шатайпа тӏеман-колониальни ӏедал а хӏоттийнера. Нохчийн халкъ къардан, шен олаллина кӏел сацо гӏерташ, цунна дуьхьал Россис пайда оьцура лакхахь бийцинчу берриг а гӏирсех.
Буритӏахь, дукхахьолахь, шийла хуьлу февраль бутт 1909-чу шарахь, цкъа доккха ло дуьллуш, тӏаккха малх беанчу дийнахь иза дешаш, урамашкахь, некъашкахь лайн шаткъ, хоттан нитӏа хӏуттуш, дуькъа дохк, тӏуьна шело лаьтташ хилира.
10-чу февралехь гӏаларчу «Империал» Гранд-отелана хьалхарчу жимачу майданахь а, цунна тӏедогӏучу урамийн дохалла йистошца а дӏахӏиттийна пайтонаш, гӏудалкхаш, царна йуккъехь цхьа автомобиль а лаьттара. Мехкан доцчу цхьана тамашийнчу дийнате санна, уллохь соьцуш, цуьнга хьуьйсура кучерш, денщикаш, урамехула дӏасалела адамаш а.
Отелан банкетан цӏа чохь гулвелла бӏе сов стаг вара. Ламанхойн даточу бустамашца кечдина чоэш, детица кхелина доьхкарш, шаьлтанаш йолуш, коьртахь холхазан лекха куйнаш долуш гӏалагӏазкхий, жан а, дохнан а долахой, хӏирийн, гӏебартойн хьолахой. Коьрта техкина шляпанаш, цилиндраш, тӏейуьйхина сюртукаш, френчаш, логах йихкина тайп-тайпана галстукаш йолуш промышленникаш, банкираш, совдегарш.
Областера и хьолахой деккъа цхьана гӏуллакхо гулбинера кхуза. Халкъан бекхамах шайн синош а, бахамаш а ларбан некъ лаха. Уьш къаьмнаша а, дино а ца къастийнера. Оьрсийн, эрмалойн, жуьгтийн, хӏирийн, гӏебартойн къаьмнех а, керста, бусалба, иудин динехь а бу бохуш цӏерш йу церан, амма оцу хьолахойн шайн цхьа къам ду, церан йукъара Дела а, дин а – деши, ахча, хьал ду. Царна ӏибадат до цара, царна хьалха суждане боьлху уьш.
Арахь тӏедоьлхуш тӏеда ло, урамашка хӏоьттина дуькъа дохк долуш, чохь бодане хиларна латийнчу йаккхийчу люстраша серладаьккхинера цӏа. Оркестрана кечйинчу сцени тӏе хьала а ваьлла, тӏехула сийна бархат оьзначу йоккхачу стоьла уллохь а сецна, ах го беш хӏиттийнчу кӏедачу гӏанташ тӏехь а, партерашкахь а хевшина ӏачу шен бартахошка бӏаьрг а тоьхна, кисанара схьадаьккхина кӏайн йовлакх йерстинчу вортанах а, хьаьжа тӏе а, кӏунзал баьлла лепачу боккхачу коьртах а хьаькхна, къамел долийра гуламан председатель хаьржинчу лохочу, зоьрталчу дегӏарчу нефтепромышленнико Ахвердовс: