– Хьомсара господаш! Масех шо хьалха Россехь хиллачу революцин уггар хала, бохаме киртиг вай лайна. Нагахь санна Россин губернешкахь ӏедална дуьхьал гӏевттинарш оьрсийн белхалой а, ахархой а бен ца хиллехь, кхузахь оьрсийн белхалошца цхьаьна вайна дуьхьал нохчий а гӏевттинера. Нагахь санна оьрсийн белхалоша герзаца дуьхьало йеш наггахь меттигаш бен ца хиллехь, ткъа ахархоша помещикийн бахамаш талош, багош хиллехь, церан а, вукхеран а бунт хьаша йерриг а губернешкахь масех рота салтий а, гӏалагӏазкхийн масех бӏо а тоьънехь, кхуза нохчийн дуьхьало кагйан герзаца кечбина боккха ницкъ татта дийзира. Амма нохчийн дуьхьало тахана а кагйина йац, и халкъ къардала гена ду, нохчаша хаддаза зуламаш до. Цара некъахой талабо, почта, банкаш талайо. Адамаш дойу, лечкъадо. Ӏедална а, халкъана а къаьсттана бале ваьлла массарна вевзаш волу обарг Зеламха. Цо ӏедало хӏиттийна хьаькамаш бойу. Уллохь цхьа рота салтийн ха долуш бен, новкъа дӏасаваха маршо йац хьаькамна. Ткъа ӏедал гӏорасиз ду и зуламхой а, зуламаш а совцо. Йа, нийсса аьлча, кӏорггера ойла а йина, генна лаьцна ӏалашо а йолуш, и зуламхой а, зуламаш а совцо ӏедало деш хӏумма а дац. Ӏедалан гӏорасизалла, йа и зуламаш гуттаренна а совцо цо деш хӏумма а цахилар бахьана долуш, хӏокху махкарчу оьрсийн а, кхечу къомах адамийн а дахар а, бахамаш а хӏора сохьтехь, хӏора минотехь кхерамехь ду. Белхалойн забастовкаш, стачкаш, йа, нийсса аьлча, анархи бахьана долуш масех баттахь болх ца беш севцца лаьттина нефтепромыслаш, заводаш, фабрикаш, мастерскойш. Дӏачӏаьгӏна лаьттина туьканаш, банкаш. Белхалоша йоккхачу акхараллица йохийна дуккха а техника, белхан гӏирсаш. Церан дайшна хилла зен маситта миллион соьме хьаладаьлла. Иза хьан меттахӏоттор ду царна? Цхьамма а. Пачхьалкхана налогаш токхуш, гӏалахь цӏенош деш, йукъараллин гӏишлош йеш, урамаш, некъаш дохкуш, тоеш, ишколашна, больницашна гӏо деш харжаш йечу, кхузахь российски державан гӏортораш хилла, кхузахь ӏедал вешан белшашна, баккъашна тӏехь латточу вайн бакъо йу, моьтту суна, вешан лаам ӏедале сацам боллуш дӏахьебан, йа ваьшна хетарг цхьа а тайпа шалхонаш, хьийзораш йоцуш дӏаала а. Хӏинца шайна хетарг аш схьааьлча, дика ойла а йина, йукъара сацам тӏеоьцур бу вай.