Ас дойурш йамарт жӏаьлеш ду, вайнах бойуш, куьйгаш а, муцӏарш а цӏийх йуьзна лела ӏедалан хьаькамаш, церан гӏоьнчий. Ас цхьа а стаг ца вийна йамартлонца. Царах бекхам эцале ас цаьрга хьалххе дӏакхайкхайо сайн кхел, ахь зулам дитахь, маьрша ву хьо, ца дитахь, ас вуьйр ву хьо олий. Ас къинхетамза бойу, эскарехь гӏуллакхдеш а, ӏедалан гӏуллакхехь а шаьш боццушехь, со лаца, со вен, ӏедало сан коьртах кхайкхийна ахча эца сан лар толлуш, леларш, моттбеттарш, йамартхой. Оьрсашца, керстанашца дац сан мостагӏалла. Ас цхьа а машаре керста, оьрси ца вийна. Сан тӏом паччахьан ӏедалца, цуьнан хьаькамашца, церан хьадалчашца, вайна тӏехь хӏара къизалла латточаьрца бу. Хуьлда уьш бусалбанаш, керстанаш, мунепикъаш. Хуьлда уьш оьрсий, нохчий, гуьржий, суьйлий, хӏирий. Хуьлда иза сан да, ваша, кӏант! Цаьрца бу сан тӏом. Талорашший? Хӏаъа, ас талабо нехан цӏий ӏуьйдуш, хьарам даьхни гулдинарш. Ас паччахьан банкаш кхоьхьу. Ас, хьоладай йийсаре а буьгий, царна тӏера ахча доккху. Амма сайн карадогӏучух цхьа кепек а сайна пайдехьа ца хьовзадо ас. Мискачу нахана дӏадоькъу. Цхьана нохчашна, бусалбанашна декъна ца ӏаш, оьрсашна а, кхечарна а доькъу. Мискачарна, вай санна ца хьегахь а, вайга гӏурттуш гӏело хьоьгучарна. Ткъа ӏедало сан коча тоьттучу дерриг а талорашна со бехке ма вац, ӏела. Ас некъахой, машаре адамаш ма ца таладо. Халкъан цӏий муьйлу хьолахой бен. Банкаш, кассаш талайо. Ша Зеламха ву, шаьш Зеламхин накъостий ду бохуш, оьрсий, нохчий, кхечу къаьмнех нах талош лелаш, цхьа зуламхой бу. Царах дукхахберш ӏедало арабаьхна, цуьнан бертахь лелаш а бу. Халкъана хьалха сан сий дайа, халкъ сох тешамза даккха, халкъ суна дуьхьалдаккха. Ишттачарех сайна каравеанчунна луьра таӏзар до ас. Цо талийначунна тӏе а вуьгий, талийнарг долчу дена йуха а дерзадойтий, цунна хьалхха, йетташ, гӏибавоккху. Амма оцу зуламхошна массарна а тӏе куьг ца кхочу-кх сан.
– Цхьана агӏор, нийса ву хьо, Зеламха, – шен ӏалашонна тӏегӏерта ӏела. – Цхьаммо а хьуна бехкбуьллийла дац. Амма ахь банкаш йохош, хьолахой талош, доькъучу ахчанех адамийн бакъо, къелла меттахӏуттур ма йац, Зеламха.