Цуьнан ойла йиний ахь? Ахь цхьацца хьаькамаш байарх, паччахьан ӏедал духур ма дац. Ахь байъинчеран метта кхин ма балабо, хьалхарчарел а къизанаш, боьханаш хоьржуш. Тӏехула тӏе, ахь цхьа хьаькам вийча, ӏедало бехк боцу итт нохчо воь, бӏе Сибрех хьажаво. Хьайна лаа а ца лууш, хаа а ца хууш, адамашна бохам бо ахь. Ӏедало эххар вуьйр ву хьо. Йа тӏамехь, йа цхьаммо йамартло йина, тешнабехк бина. Хьан корта беаначунна берхӏитта бӏе туьма ахча а, кхо бӏе десятина латта а кхайкхийна ӏедало. И ахча пачхьалкхан хазнера а, йа хьолахойн кисанара а дац. Нохчийн къехошкара даьккхина ду. И латта а халкъан ду. Хӏан, хьол тӏаьхьа кхин а цхьа Зеламха гӏоттуьйтур вай. Цунах а тӏаьххьара изза хир ду. Оцу некъо толор дац вай.
Зеламха гӏайгӏане велавелира.
– ӏела, ахь а иштта аьлча, нехан хӏун бехк бу? Шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа паччахьан эскарша хӏаллакдина адам, йарташ, Сибрех хьийсийна доьзабайнарш – уьш берриг а сан бехкенна хилла хӏаллак? Со дуьнена ваьлла шовзткъа шо бен дац. Хӏун дан деза ткъа, цхьаболчу молланаша ма-хьеххара, паччахьаш а, ӏедал а Делера ду бохуш, цара лелочу харцонашна, къизаллина садетташ ваха веза?
– Хӏан-хӏа, Зеламха, ас а ца боху иза. Ахь хьаькамаш байарх, паччахьан ӏедал духур ма дац. Дезткъа шарахь хаддаза тӏом барах, нохчашка ца дохаделла паччахьан ӏедал. Вайн махка гӏерта оьрсий а ца совцабелла. Россехь дехачу цхьана а халкъе ца дохаделла. Мосазза гӏиттина уьш шаьш а, луларчу къаьмнашца цхьаьна а. Амма даим а шайн цӏела керчийна уьш ӏедало. Оццул доккхачу оьрсийн халкъе а ца дохаделла. Росси чохь деха дерриг а къаьмнаш – бусалба а, керста а – цхьаьна а кхетта, цхьабарт а хилла, гӏевттича, тӏаккха баккхалур бу толам. Ахь элира-кх, вайгарчу ӏазапан, баланийн, бохамийн нана вайна тӏера ӏедал ду. Кхузахь хьаькамаш байарх, ӏедал духур ма дац. И нана мел йу, цуьнан кӏорнеш – хьоладай, инарлаш, эпсарш – кхуьур йу. Йайарх кхачалур йоцу и кӏорнеш цкъа а дуьнен чу ца йовлийта, йийна, дӏайаккха йеза оцу кӏорнийн нана – паччахьан ӏедал. Иза доха а дина, кхин вешан къехойн ӏедал хӏоттийча бен, маршо хир йац вайна…