а сакъерадаларе дог а дохура цо. Аьрзугӏеран кешнашна тӏехӏоттар а хир. Хонкарахь Аьрзун кӏант Мохьмад кароре дог а дохура цо.
Хӏокху лаьмнашкахь керла дарц дала герга ду. Цуьнан мархаш хьийза стигалахь. Нагахь халкъ ӏедална дуьхьал гӏаттахь, йуьстахваьлла ӏойла а дац цуьнан. Гӏеттинчу халкъана шен коьрте хӏитто майра, хьекъале, доьналле къонахий оьшу. Тахана Нохчийчохь уьш хиларх шек ву ӏела. Иттаннаш шерашкахь лаьттинчу, хӏорш оьшуш чекхбаьллачу къизачу тӏамо а, тӏаьхьа паччахьан ӏедало а къинхетамза хӏаллак а бина, ӏожалло дӏа а баьхьана и къонахий. Нохчий а бац хьалхалернаш. Цхьаберш, кхерабелла, кӏелсевцца, кхиболчара маршонах догдиллина, бисинарш бен доцуш хьуьйсу шайгахь латточу ӏазапе. Цул совнаха, халкъана йукъабаьржина дуьненан хьолах ӏедало эцна нах. Нохчийн совдегарш, эпсарш, мехкадай. Шайн долахь бӏеннаш десятинаш латтанаш, эзарнаш кортош даьхни, туьканаш йолуш. Царна бала а бац ӏазапехь доллучу шайн халкъаца. Шайн нохчий а бацабо цара. Уьш кийча бу муьлххачу паччахьана, муьлххачу ӏедална, Иблисана а муьтӏахь гӏуллакх дан. Цара шайн бахамаш, хьал, даржаш лардичхьана. Цара дуьтур дац халкъ барт хила. Халкъан барт хилахь, иза, паччахьан ӏедална дуьхьалдаьлла ца ӏаш, шайна а дуьхьалдер дуйла хууш.
И барт бац халкъан. Муха хуьлу, дукхахболу нохчий ийманах а, оьздангаллех а боьхна хилча. Халкъ гӏоттур-м ду, амма йуха а эшам хуьлуш доьрзур ду. Даим санна. Цӏий а ӏанийна. Эзарнаш адамаш хӏаллак а хуьлуш, эзарнаш махках а дохуш.
Хӏинца хӏокху дуьненахь бисина цхьа а сатийсам бац ӏелин. Ӏусман а, цуьнан доьзал а дӏатарбелла. Къен белахь а, нах санна дӏатарбелла. Ӏелас сагатдеш цхьа хӏума дара. Седин кхоллам. Шен йоӏ ца хилла дела йеза хир йара цунна иза. Седа дукхайезара ӏелина. Хӏора дийнахь иза ша волчу йаре, иза гаре сатуьйсура. Седа шен хӏусаме йеача, ша хьалха лайна баланаш бицлора цунна, хӏинца шен кийра ботту баланаш дӏаайалой, дог декхалора. Седа гича, цунна карлайолура къона Айза. Иза чӏогӏа тера йара цунах. Ӏелас дукха ойла йора Седин. Ӏелина иза дуьххьара гича, пхийтта шо дара цуьнан. Хан мел йолу дегӏ доккхуш, хазлуш, куьце кхуьура иза. Оьзда йара, ши куьг дашо дара.