Иза цхьана оьздачу стаге, оьздачу доьзале маре нисйала лаьара ӏелина. Амма Гати-Юьртахь вацара ӏела резаволуш стаг. Цхьа Овхьад воцург. Овхьад хьекъале, майра, оьзда къонах ву. Дуьненан ӏилма а, бусалба динан ӏилма а хаьа. Дуьне, адамаш девза. Йуьртахь а, махкахь а сий ду. Къона волуш махках а ваьккхина, ткъе бархӏ шарахь халонаш лайна, ирсан мах хуур болуш а вара. Амма иза Седел ткъе шийтта шо воккха ву. Ӏелас тардолуьйтура иза. Иштта къона йоӏарий шайл шовзткъа, шовзткъе итт шераш баккхийчу нахе маре а боьлхуш, ирсе бехаш меттигаш дукха йара.
Ӏелас и захало хьахийра Ахьмаде а, Айзе а. И шиъ резахилира. Овхьада йуьхьанца дуьхьало йира. Шен шовзткъе кхойтта, Седин ткъе цхьаъ шо ду, кхин ткъа шо даьлча, ша къанлур ву, ткъа Седа шовзткъа шаре йаьлла, дуьненах самукъадолу хан йолуш, къона зуда хир йу. Тӏаккха шаьшшиъ цхьаьнадогӏур дац, бохура цо. Седа резахилира. Дӏадаханчу шарахь и захало дира ӏелас. Хӏинца Овхьадан, Седин жима кӏант ву. Болат. Хӏинца, ша тахана велча а, шек ца волу ӏела.
Шолгӏачу дийнахь, шаьшшиъ цхьаьна висча, сийсара шен хилла сацам кӏанте бийцира ӏелас.
Ӏусман воьхна хьаьвзира:
– Цигахула лела могашалла ма йац хьан, дада. Иза гена некъ ма бу.
– Могашалла-м, Дала мукъалахь, хӏинца цкъа дика йу сан. Ткъа геналлех дерг аьлча, ас Сибрехара цӏа вогӏуш бинчу некъаца буьстича, Хонкаран дозане некъ уьттазза боца бу. Гуьмсехь цӏерпошта тӏехиъча, цхьана-шина дийнахь дӏакхочур ву.
Ден нийат дохо а ца лаьара ӏусманна. Амма массара а велларг лерина, вицвина лаьттина, ткъе берхӏитта шо даьлча, Дала шайна схьавелла къена да дӏахеца а ца лаьара. Хӏинца вахча, иза йуха ца верзарна а кхоьрура. Къена ма ву иза. Ӏожалла а ма йу къоначарна а, къеначарна а тӏаьхьахӏоьттина лелаш…
– Хӏета, хьо ӏанне а ца ӏахь, цхьаьний гӏур ву вайша.
– Хьо ца оьшу. Со гӏур ву со. Хьан цӏера волийла дац. Цӏахь а, кхаш тӏехь а шортта болх бу.
– Хьеха ма делахь!
– Хӏан-хӏа, ӏусман. Со-со вахана вогӏур ву. Къоначарна кхераме ду цигахула лела. Хӏара синтем боцуш зама йу. Доьзалца цӏахь хила веза хьо. Ткъа суна са ма гатде. Дала мукъалахь, могаш ву со. Суна оьрсийн, туркойн, ӏаьрбийн меттанаш а хаьа. Гуьржашца бийца гӏеххьачул