хилча, дуьхьало ца йеш, таьӏна ӏер лайн амал йу. Амма и дуьхьало муха а, маца а йан йеза, хаа деза. Вайн цхьа декъаза амал йу: даим герзаца, майраллица ваьшна маршо йаккха гӏертар. Цундела даим вай оьшуш, вайна бохаме доьрзу. Цкъа мукъана а и маршо хьекъалца йаккха гӏорта дезара вай. Цхьадолу халкъаш шаьш гӏовтту. Ӏедало уьш хьошу. Тӏаккха раж кхечаьрга кхочу. Бусалбанаш, керстанаш ца къестош, ваьш санна ӏазапехь дахкочу кхечу къаьмнашца барт а бина, ницкъаш цхьаьна а тоьхна, ца гӏовттахь, Россерчу цхьана а къомана шегга маршо йаккхалур ма йац.
– И барт хир буй ткъа къаьмнийн?
– Хилийта гӏерташ къахьоьгуш цхьа нах бу Россехь.
– Дала аьтто бойла церан.
– Кхечу къаьмнашца барт хилар-м хьехочохь а дацара. Вайн нохчийн шайн барт хилахьара. Цкъа тайпанашка, йуха вирдашка бекъабелла, вовшашца хьагӏ-гамо лелайо. Цундела вайна тӏехь атта олалла латтадо муьлххачу ӏедало а…
Хьеший дӏабоьлхуш цхьана минотана тӏаьхьасецира Ахьмад.
– ӏела, дукха-м доьхура ас… Ваийтахьа со хьайца!
– Хӏан-хӏа, Ахьмад. Хӏара зама карзахе йу. Нагахь цӏеххьана дарц далахь, хьо оьшур ву йуьртахь. Буьрса дарц, мох баьлча, къоначу диттийн хьун таьӏа, царна йуккъехь ӏаламан ницкъо дахчийна къена, зоьртала пепнаш, нежнаш ца хилча. Хьой, сой саннарш хьалха хила беза, къомана тӏе бохам беача. Суна са ма гатде, цхьа бутт балале йухавогӏур ву со.
…Оцу буса массеран ӏодика а йина, ӏуьйранна са ма-тесси, новкъа велира ӏела.
Ша новкъа ваккха цхьа а ца ваийтира. Шеца цхьаьна регӏа бевлла Ахьмад, Овхьад, Лорса, ӏусман, Янаркъа цӏа а хьовсийна, масех минотехь цигахь сецира иза.
Уггар хьалха ӏаьрчхехь массарех къаьсташ лекха, зоьртала лаьттачу попана тӏехь сецира цуьнан бӏаьрг. Цуьнан бакъабала боьллачу буьхьан дерзинчу га тӏехь ӏара ӏаьржа маккхал. Оцу попа кӏел ваьлла иза дуьнен чу. И йоккха, йуькъа пепнийн хьун хилла цунна дуьххьарлера цӏа. Гобаьккхина гуш йолчу хьаннаша, нанас санна, доладеш кхиийна иза ткъе иттех шарахь. Цунна йевза оцу регӏахь массо меттиг. Дагна хьоме йу хӏора кол, гу, ор, ӏин… Кхечарал башха, гергара йу кхузара стигал. Даим боьлуш, ша хьоьстуш, эсала хьоьжуш хета малх. Ткъа латта? Маржа-йаӏ, даймехкан латта!