Жимачохь ненан некхах къаьстинчу берах тера хуьлу-кх хьох хаьддарг. Ма дукхадеза-кх хьо ӏелина, ма дукха хьегна хӏара хьох. Хьан дуьхьа шайн цӏий ӏенийна, хеназа хьан кийра бирзина цуьнан дай, вежарий, кӏант… Хьоьга сатуьйсуш цхьа буй латта шен бесни кӏел диллина, хийрачу махкахь лаьттах вахана Аьрзу. Маса, маса эзар воьжна хьан дуьхьа, маса эзар вужур ву шайн бераш маьрша, машаре хьуна тӏехь дахийтаран дуьхьа!
Ӏела, ша волччу бертал а воьжна, шабаршца лаьтте къамел дан вуьйлира:
– Со вина сан нана, со кхиийна сан да, тхан цӏийца хьандина даймехкан латта! Хӏинца кхозлагӏа букъ туху-кх ас хьуна, хӏинца кхозлагӏа воьду-кх со хьуна чохь са а дитина. Амма со йухавоьрзур ву, ӏожалла ца хилахь. Йухавоьрзур ву, дийна ца верзахь, велла а. Хьан кийрахь бен карор бац суна синтем. Нагахь вайна йуха ган ца доьгӏнехь, марша ӏойла шу, хьомсара латта, хьаннаш, лаьмнаш, ас декъаза бералла текхна меттигаш!
Тӏаккха, схьаэцна, цхьа буй латта шен чоин бустамийн газар чу а доьхкина, хьала а гӏеттина, кхин цкъа гонаха бӏаьрг а тоьхна, чоин ши тӏам доьхкарх а боьллина, хьалхахьа дӏаволавелира.
Дӏаса а ца хьоьжуш, чехка воьдура иза, саца а ца соцуш, наггахь шен гира пӏаьлдиг а нисбеш. Ша Сибрехара цӏа вогӏуш, ӏаьнан оцу шийлачу буса цо йуьрта беана пӏаьлдиг.
Некъ хьуьнах булучохь саца а сецна, кхин цкъа а регӏа бӏаьрг а тоьхна, волавелла къайлавелира иза.
Попан буьхьа тӏехь ӏен маккхал, дӏаса а хьаьжна, шозза-кхузза сингаттаме мохь а тоьхна, гӏеттина хьалайаьлла, хьаннашна тӏехула хьийзайелира.
Цӏеххьана баьллачу чехкачу махо тахкийра къена хьун. Цо идо диттийн можа гӏаш, хӏаваэхь керчаш лаьтта а оьгий, оьрнаш чуй, коьллаш кӏеллий лелхаш, соьцура.
Стигалахь цӏеххьана ӏаьржа мархаш гулйелира. Геннахь масазза а ткъес къегира. Дуьне къардан санна, къевкъира стигал. Лаьтта эга доьллачу догӏанан даккхийчу тӏадамаша новкъахь чан гӏаттийра.
Оцу сохьта хийцаделла, дӏахӏоьттира ӏалам.
Ткъа ӏела дӏавоьдура. Цунна тӏехула, махо сеттош, вовшех хьекхош, цӏийзаш, тийжаш, техкара къена хьун. Йуьхь-дуьхьал деттара догӏанан дарц. Тӏаьхь-тӏаьхьа хотто дӏалоьцура когаш. Амма цо болар ца лагӏдора. Махо ловзадора башлакхан