Зойрбекан шаьлтана литтане бӏаьрг тохарх гуш дара, и бинчу балхана ре́за хилар. Шаьлтане шок тухийтуш, цуьнан да́с и говза хьовзаро а, цунна тӏе кхоьссиначу йовлакхах кесаг дӏакхоьссина хиларо а гойтура – Ребаӏат ше́н белхана лаккхара мах ха́дор дехан бакъо йолуш хилар.
Зойрбекан серладаьллачу бӏаьрсинах самукъадаьллачу Ребаӏатас тидам ца бира, майрачо ше́н цӏена гӏовтал, балха воь́душ ша лелош йолучуьнца хийцар. Суьйренга гӏуртуш йара хан Зойрбек сиха ше́н шаьлта йукъах а йихкина ара волуш, ша́ хьен ца ло о́луш, чохь са ца гаттадайта.
Хан йаьлла хан йара Ребиӏат стенна а делахь а, са ше́н меттехь до́цуш, майрачуьнга хьоьжуш ӏаш. Цӏаьххьана уьйчохь гӏовгӏа хезина хӏара мехкадаьтта дутту чиркх буйна а эцна а́ра йаьлча. Зойрбек вара аьро а́гӏора цӏийх буьзина ше́н пхьарс аьтто куьйга лаьцна чу во́гӏуш.
- Ва-а! Хӏун хилла! – йоьхна хьаьвзира Ребаӏат.
- Хӏума ца хилла! Ма хье́кха мохь, - зуда дӏа а тоттуш йиллинцу неӏарах чоьхьа ве́лира Зойрбек.
Паднаран йисте охьа а хиъна ше́н човне хьаьжира и. Ребаӏатас чиркх улло́ бехьича чов дика къаьсташ йара – белш горгалучуьра динна жижгана аса йара охьаоллайелла гӏовтал а ха́дош.
Зударшна оцу хе́нахь хууш дара муьлхха а чевна дарба ден а́гӏонаш. Кхин дукха дарбанаш а да́цара уьш. Сиха кечбира Ребаӏатас туьхан бе́рам. Гӏовтал йаьтӏначу меттехь кхин хьем ца беш, массо а а́гӏора оцу бе́рамца чов цӏена цӏан а йина, охьакхозу жижиг ше́н метте́ тӏело́цуш чӏо́гӏа дӏадихкира зудчо. Жимма аз лахдар бен кхин бе́рамо ша́ вагор ца хаадалийтира Зойрбека. Кхин гӏовтал бен тӏера хӏума дӏа ца йоккхуш паднара тӏехь дӏавижира а.
Шолгӏачу дийнахь Тетин некъех болу кегийра а баккхийра нах гулламе вовшаха кхетча къаьстира хилларг. Лахахьа ӏаш болчу чӏинхойх на́ха шайн хьалхо вийначу стагана дуьхьала чӏира е́ца бахана хилле́ра Тетин некъаха кегийра нах. Царна йукъехь хилле́ра Зойрбек а. Тетин некъашкахь ма́рехь йолчу цхьана зудчо хӏокхе́ран чӏирхошка мотт бехьана, гӏодмашна йуккъехула тӏелата бахначу кегирхошна, кӏела хевшина хилле́ра хӏокхе́ран мостагӏий. Тетин некъахойх цхьаъ вуьйш, чӏирхойшаха цхьаъ вуьйш дӏа́сакъаьстине́ра довхой.
Зойрбекана оцу девна йуккъехь хилле́ра чов.