Иза леладе ца боху шариӏато.
Ильясов Вахьидан кӏант велира цуьнан луларчу нехан кӏентан карах. Ткъе итт шо хенара куьце къона стаг вара вел-ларг. Ӏуьйранна тезет хӏоьттича Вахьидана тӏевеара юьртахь лоруш волу стаг:
— Вахьид, куьг бехкечун вежарий, шичой а шаьш доьзалшца юьртах арадовла деза, я хьуна тӏе дехаре нах бахкийта беза? Хӏун дан деза ца хууш бӏарзбелла хьийза уьш. Цаьрга хӏун олу ахь?
— Хӏумма а дан ца деза-кх, — элира Вахьида ойла а ца еш, -юьртара ара а ца бовлу, соьга дехаре нах а ца бохкуьйту. Со санна сийсара шайн цӏахь бийшина ӏаьхкинчу церан цхьа а тайпа бехк бац. Куьг бехкениг ӏедало дӏалаьцна, ӏедало цунна Дала дайттина таӏзар дийр ду. Нах санна, кхуза тезета схьадуьйла ала цаьрга. Сан цхьа а тайпа чӏир а, мостагӏалла а дац цаьрца.
Оцу стага вахана тезета схьабалийра куьг бехкечун вежарий, шичой, кхин гергарнаш а. Иза дан стаг цӏена бусалба а, къонаха а хила везара. Вахьид цӏена бусалба а, воккха ӏеламстаг а, къона-ха а вара.
Нохчийн къомана тӏе хӏара бохам кхозабеллачу 1991-1994-чуй шерашкахь Далла хьалха а, халкъана хьалха а шен декхар кхо-чушдина, хьекъал, ӏилма, собар, оьздангалла, доьналла а долуш, суна хууш, цхьа ӏеламстаг хилла Нохчийчохь. Иза вара цхьа-йоццачу хенахь муфти лаьттина Арсанукаев Мохьмад-Бешар-Хьаьжа. Оцу чолхечу, адамаш тиларчу даханчу шерашкахь цхьан-не а вохка ца велира, цхьанна а хьалха кхеравелла, вуха ца ве-лира. Хӏетахь и санна цхьа бӏе ӏеламстаг Нохчийчохь хиллехьа-ра, нохчийн къомана хӏара бохамаш ца хила тарлора.