Суна бевзачу ӏеламнахана юкъахь дукха нисло къеналлина герга гӏортталц бусалба динна а, оьздангаллина а генахь лаьтти-на нах. Хьалха куьйгаллин балхахь, милицехь, туьканашкахь складашкахь белхаш бина а, интеллигенцин векалш а. Цхьана хенахь къоланаш дина а, маларш мийлина а, дукха зударий кхий-лина а, зина лелийна а нах. Къанбелча, «имане баьхкина», «ӏеламнах» хилла лелаш. Иштачу наха адам иманехь нисдийр ду бохучух теша хала ду. Уьш ас бийцина «Дика нах» цӏе йолчу сайн цхьана дийцарехь а.
Ишттачу ӏеламнаха шайна некъ балабо: ша лелийначу вочу гӏуллакхашна дохковаьллачу стагана Дала гечдо, олий. Шена ца йинчу ӏамална гечдар Делан лаамехь ду. Амма Дала гечдийр дац цара нехан диъна хьакъ а, нахана йина ваьснаш, нахана тӏехь латтийна харцонаш, къизаллаш, нахана дина зуламаш а Шаьш хьалха лелийначунна дохкодевлла олу цара, Далла ӏамал а йо цара, амма царех дукхахболчийн къамелашкахь а гӏиллакхашкахь а, гӏуллакхашкахь а гучудолу церан дегнаш хийцаделла цахилар.
Сан къамелаш хилла Азербайджанан, Юккъерчу Азин, Ка-захстанан муфтешца. Ладегӏна Дегӏастанарчу ӏеламнаха теле-виденехула къамелаш деш а, цара газеташ тӏехь зорба тоьхна белхаш а бешна. Царна шайн къоман мотт, истори, филос >фи, культура, дуьненан халкъашна юкъара политика а, кхечу муьлх-хачу динан истори а, идеологи а хаьа. Доцца аьлча, цара бусалба динан а, дуьненан а ӏилманаш ӏамийна. Цундела, царна хаьа муьлххачу аудиторина хьалха, муьлххачу а хаттарех лаьцна къамел дан а, хаттаршна жоп дала а.