Баккхийчаьрца цхьаьна цӏерпошташ талош а. Царалахь бу томка уьйзурш а, маларе, наркотикашка марзбел-ларш а, президента а, министарша а, парламентан депутаташа а, цхьаммо а ца хьахадо. Телевиденехула сих-сиха цхьацца баккхийчу наха а, ӏеламнаха а къамелаш до, нохчийн берашна керистанийн ӏилма1 ца оьшу, иза дӏа а даьккхина, цуьнан меттана ӏаьрбийн мотт, йоза-дешар, дин ӏамо деза, бохуш.
Нохчийн берашна ӏаьрбийн мотт, йоза-дешар ӏамо деза бо хург нийса ду. Иза ца хиъча, вайн бусалба динан ӏеламнах кхуь ур бац. Бусалба динан лаккхара ӏилма ӏамийна ӏеламнах цаӏ хилча, халкъана бусалба динан кӏоргенаш евзар яц, бусалба ди нехь нислур дац. Ткъа бусалба динехь ца нислахь, вайн къома-на юкъара харцонаш, ямартлонаш, хьарамлонаш, хьагӏ-гамонаш^ къизаллаш цкъа а дӏаевр яц, вайн къоман цкъа а барт хир бац,, сий хир дац, вай Лелочух цкъа а иман-беркат а хир дац.
Амма данне а нийса дац нохчийн берашна дуьненан ӏилма1 хьехар дӏадаккха бахар. И хабарш дуьйцурш нохчийн халкъа на зуламна арабевлла нах бу. Нохчийн халкъ дерригенна а тӏехь иманехь нисделча а, цхьана ӏарбийн маттаца, йоза-дешарца да халур дац. Вайн халкъана лоьраш, инженераш, юртбахама говзанчаш, конструкторш, архитекторш, нефтяникаш, гӏиш лошъярхой, историкаш, философаш, политикаш, массо а тайпй ӏилманчаш беза, къоман дахар кхолла. Уьш а, кхин а вайна хи бац, вай ӏаьрбийн мотт, йоза-дешар а ӏамош ӏийча. Вайн берашн дуьненан ӏилма ӏемар дац, царна оьрсийн мотт ца ӏамийча Оьрсийн маттахь яздина ду вайн къоман историн, культуран дахаран дерриге а документаш, ӏилманан-талламан белхаш Оьрсийн мотт бу СССР чохь дехаш хиллачу дерриге а халкъаш вовшашца буьйцург а.