Оцу шина а агӏор вешан берашка дешийтар коьрта декха ду вайн, нагахь санна ваьшна вешан къам кхиа а, даха а лаах! Амма ӏаьрбийн мотт, йо'за-дешар ӏамор дерриг а берашна тӏедоэн ца деза, иза ӏамо луучарна таронаш хилийта еза.
Инзаре тамашийна хӏумнаш гучудуьйлу хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь. Шайн декхар а дицдина, ӏеламнах политикана, пач-хьалкхан гӏуллакхашна юкъагӏерта, пачхьалкхан куьйгалхой бусалба дин хьеха гӏерта, селханлерчу атеистех, маларчех ӏеламнах хилла. Хьалха цхьанне а цӏе йоккхуш ца хезна керла историкаш, философаш, политологаш, хьекъале, майра а нах гу-чубуьйлу дуккха а барамехь. Цара митингашкахь, телевидене-хула дуьйцурш а, зорбанехь яздийраш а, халкъана юкъахь лело питане эладитанаш а, цкъа нохчийн къомана зуламехьа, бохаме-хьа девр долуш гӏуллакхаш ду.
Наха олуш хеза: «Вай хӏинццалц Делах кхоьруш ца хил-лера, партих кхоьруш ӏийна хиллера». Боккъалла а, хӏара тӏаьххьара масех шо тӏакхаччалц, советийн ӏедал доххалц, ваыл-на тӏехь мел яккхий харцонаш лелаярх бур-бур аьлла дистхила ца даьхьара вай. Пленумашкахь, сессишкахь, конференцешкахь, телевиденехула, зорбанехь бусалба дин, пайхамарш, эвлаяаш, зи-ярташ сийсаздеш а. Вешан маьждигаш дохийча а, дохоза дисан-чех клубаш, амбараш йича а. Суна ца хезна, оцу харцонашна дуьхьало йина, цхьана а стага КПСС обкоман хьалхарчу майда-на а хӏоьттина, шен резавацар хаийтина, бохуш. Хӏетахь мичхьа бара таханлера майра, хьекъале турпалхой? Хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь гучубевлла и майра нах, 70 шарахь бистхила ца баь-хьаш шаьш ӏаӏийна майралла гайта хӏинца арабевлла!
Къоман исторически кхолламан бала болчу наха хоьтту: «Хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь нохчий иманах, оьздангаллех бохаран хӏун бахьана ду те?» - бохуш. Бахьана вай баккъал а иманехь цахилар ду. Делах, Къематдийнах тешаш, кхоьруш а, нехан неӏалтах кхоьруш, бусалба динехь нисвелла стаг галвок-кхур вац дуьненан бахамо, хьоло, къелло, мацалло, цхьана а ха-лонаша а. Дала а, пайхамара а бусалба адамашна тӏедехкина декхарш вай кхочушдеш цахилар гучудолу, уггаре а хьалха, вайн доьзалийн юкъаметтигашкахь.