Вешан паччахьан, цуьнан сардал волчу Типлисерчу… а-а-а-а…
– Михаилан… – Хортӏина гӏо дира уллохь лаьттачу Чомакха…
– Микаилан, Буритӏерчу инарлин, вайн укурган начальникан элан Авалун сийнна, эскаре боьлхучу вайн кӏентийн хьурматана тахана хӏара ловзар хӏоттийна йуьрто. Вайн хьешийн а, Делан а пурбанца, къовсарш дӏадоладо вай. Коьрта къовсарш кху тӏехь хир ду. Хьалхайовла говраш хахкар. Исс го. Хьалха йеанчу говрана – детица кхелина нуьйр. Шолгӏа йеанчунна – кечйина шед. Дуьхьалонех чекх а йаьлла, бердан йистонца ши аьрша генахь сецначу говрана – детица кхелина берриг говран гӏирс а, верта а, башлакх а. Говра тӏехь хьуьнар гайтинчу беречунна – атлазан гӏовтал. Герзаца хьуьнар гайтинчунна – цо хьуьнар гайттина герз. Кхел йан мила хоржу аш?
– Тевзбин Акхта!
– Эла Авалу!
– Акхболатан Ахьмад!
Хортӏас ши куьг хьалалецира.
– Дика ду. Аш цӏераш йаьхначу кхаа стага къастор ву тоьлларг. Хӏинца, нах, аш майда мукъайаккха. Хахка кечйина говраш дозане дӏайига!
Йохийначу зингатийн туьйлигах тарйелира майда масех минотехь. Амма, дукха хан йалале, гобаьккхина майданна гонах а хӏоьттина, дӏатийра адам. Ши ваша а валош схьакхечира ӏаьлбагна дуьхьалвахана Къайсар. Вовшашка куьйгаш а делла, кхидӏа хьал-де хоьттуш хан ца йойъуш, гӏуллакх дийцаре дан буьйлира уьш.
– Хӏан, хӏун до вай? – хаьттира Іаьлбага шен доттагІчуьнга Къайсаре.
– Уггар халаниг хьуний, хьан Сираний тӏехь ду.
– Муьлха? Цӏергахула а иккхина, берда йисттехь сацаррий?
– Хӏаъ. Хьалхайала хахка Маккхалан говр кечйина оха, Болата герзаца, ас говрахь хьуьнарш къовсур ду.
– Дика ду. ДІадуьло, хӀета.
Чардакха тӏе бӏаьргаш боьгӏна, массо меже йуьйлина, кийчча лаьттачу Мохьмада, Акхтин карара тапча ма-йеллинехь, урх йуха а оьзна, тӏаьхьарчу когаш тӏе а хӏоттийна, шен хьаргӏа Леча, кхоссайолуьйтуш, шед тоьхна, хьалха дӏахийцира. Амма Мохьмадал кадечу йа собаре воцчу масех кӏентан говр хьалха дӏаиккхира.
Хьалхарчу кхаа-беа гонехь хьалха-тӏаьхьа хилар башха ладаме а ца лорура Мохьмада. Болатгӏар лергах чӏогІа мехий даьхнера цунна, йуьхьанца говр кхоайелахь, тӏаьххьарчу гонашкахь