– Цхьа сингаттам хилла виси-те?
– Селхана-м берриг а могаш-маьрша ма бу уьш. Амма масане дагахь доцург хуьлу…
– И ца вагӏахь, хӏун дийр ду вай? – хаьттира Болата, мелла а чам байна.
Къайсара, куй хьала а теттина, коьртах мІараш хьаькхира.
– Дан хӏумма а дац-кх. Ӏаьлбаг а, цуьнан говр а ца хилча, гӏуркхашний, оьрнашний, цӏарний тӏехула лелхар а, берда йисттехь говр сацор а вайгара дӏадолу.
– Оьрнеххий, гӏуркхеххий чекх-м йер йара сан говр, – шен говран шерачу вортанах дайн куьг хьаькхира Болата. – Берда йисттехь сацорна а цхьаъ дийр ду. Амма, ва Дела аьлла, оцу цӏарах йолац-кх хӏара.
– Вогӏуш ву, вогӏуш ву! – мохь белира лакхо тӏехь говрахь лаьттачу ӏумаран.
ДІахьаьвсинчу доттагӏашна гира дехьа басахула охьа Яьссин тогӏи чу вирзина вогӏу ши бере.
– ӏаьлбаг вуй-те иза? – малхана дуьхьал куьг лаьцна, леррина дӏахьаьжира Болат.
– И сира говр-м цуьнаниг йу.
– Важа хьаргӏа говр цуьнан вешин ӏала-Мохьмадниг а, дера, йу.
– Эхӏ, Далла бу хастам, дерриг дӏанисдинчу! – доккха садаьккхира Болата.
ХІокху къовсадаларшца-м башха гӏуллакх а дацара Болатан. Йаккхайелча, хьалхе-м, дера, йезара доттагӏашна, амма коьртаниг кхин дара. Хӏара ӏалагӏожа дӏалистайелча, ӏаьлбагца къайлах цхьаьнакхета дезаш вара Берса. И цхьаьнакхетар йукъахдисарна кхеравеллера Болат. Иза шегахула вовшахтоьхна хиларна. Ши бере гича, тӏера марха дӏаайъайелла, йекхайелира Болатан йекъана йуьхь. Хеназа хебаршка ихначу лекхачу хьаьж тӏера хьацар чоин пхьуьйшаца дӏа а даьккхина, ӏаьржа-дуькъачу мекхех дайн куьг хьаькхира цо.
– Ладогӏал, нах! – йуьртден Хортӏин цІогӏане аз даьржира хӏаваэхь.
– Ладогӏа!
– Ладогӏа!
Минот йалале, майданахь тийналла хӏоьттира.
Сирдала доьллачу дуькъачу цІоцкъамашна бухара сийна ши бӏаьрг курра адамашна тӏехула а кхарстийна, мекхаш а шардина, хьаьрса, йеха маж буйнах йаьккхира Хортӏас. Хӏара кхойтталгӏа шо дара иза Гати-Юьртахь йуьртда волу. Хьалха хилла йуьртда ӏоса дӏаваьлчхьана. Хортӏа воьллера хӏокху гуламех а, хьаькамех а.
Хортӏас йайн йовхарш туьйхира.
– Тахана деза де ду вайн йуьртахь. ХІокху дийнах дозалла дийр ду вайн тӏаьхьарчу тӏаьхьенаша а. Йуьртара уггар майра кӏентий бу вай массара сий деш, лоруш волчу паччахьан Элксандаран эскаре гӏуллакх дан боьлхуш.