– ХІетте а, гӏаттам болоран гӏуллакх гергаозо деза вайн, ӏаьлбаг, – Янгӏулби къобалвира Коьрас.
– Сихлур дац вай, кӏентий, – совцийра уьш Берсас. – Цкъа вешан ницкъашка а хьовсий, бе вай сацам? Шийтта шо хьалха оха гӏаттамна оьшучул а тӏех герз а, хӏоъ-молха а кечдинера. Йарташкара кегийрхой тӏеман гӏуллакхна а ӏамийнера. Хӏор а йуьртахь вовшахтоьхна бӏо бара, шен коьртехь тӏамехь бахчабелла майра бӏаьнчаш а болуш. Гӏаттамна тӏехь куьйгалладан чІагӏбина тхьамданаш а бара. Хӏоранга а шен-шен гӏуллакх дӏа а делла. Дан дезарг дерриг а оьзна, лерина дӏанисдинера. Оцу тхьамданех, цхьа бенойн Солтмурд воцург, цхьа а ца висина тахана. Белла а, къанбелла а, лецна Сибрех бахийтина а, дӏабевлла. Церан метта къона тхьамданаш-м хаьржинера аш. Иза дика ду. Кхидӏа?
– Герз а, хӏоъ-молха а долуш ду. Хӏор а йуьртахь вовшахтоьхна бӏо а бу, коьртехь тешаме нах а болуш. Муьлххачу минотехь герз караэца, дойшна тӏеховша кийча.
– Амма, гӏаттам болош хилча, дуккха а гӏуллакхаш ду хьесапе эца дезаш, Къайсар, – дуьйцура Берсас. – Хьалхара тохарш мичхьа дан деза, муьлха меттигаш дӏалеца йеза, уьш вайна тӏе муха чӏагӏйан йеза, бӏаьхошна напха мичара каро деза, ӏедална хьалха хӏун лехамаш хӏитто беза… Дукха ду уьш. Церан ойла йан а, царна кечамбан а хан йеза, кӏентий.
– Адамийн собар кхачийна, ва Берса! – мохь белира Янгӏулбин. – Кхидӏа са ца деттало халкъе. Россехь оьрсийн муьжгий ӏедална дуьхьалбевллачу хӏокху муьрах пайда а эций, гӏаттам болабе вай? Вай йухадевлла Іийча а, тӏехь цхьа а тайпа куьйгалла а доцуш, халкъ шашаха гӏоттур ду, тӏаккха зенаш, зуламаш алсамо хир ду, адам эрна хӏаллакьхир ду. Цул, вешан кечам хилла баьлла бацахь а, хӏара гӏуллакх вешан каралаца вай? Тӏаьхьа цхьана хорша доьрзур дац-те?
– Янгӏулби бакъ лоь…
– Адамаш, бажа санна, хецна дитича, зуламаш совдевр ду…
– ӏаьлбаг, хьо имам ву. Тӏаьххьара а дош хьан хила деза, – и масех дош ала гӏерташ гӏелвелла Берса, къийсар эрна дуйла а хиъна, хьаз-хьиз деш, сихдина садоьӏуш, сецира.
– Со а реза ву Янгӏулбис аьллачунна. Гӏаттам вайга сацалур бац. Амма, цуьнан гӏуллакх генадалале, иза вешан кара схьалаца деза вай. Хьалхара тохар мичхьара дӏадоладе вай?