– Веданна тӏера, – ойла а ца йеш, сихха жоп делира Къайсара.
– Хӏан-хӏа, Хаси-Юрт дӏалаца йеза хьалха, – сацамболлуш элира Янгӏулбис. – Цигахь эскар алсам ду.
– Вайна стенна оьшу йуьстах лаьтта Хаси-Юрт? Цул, Ведана дӏа а лаьцна, арен тӏе девлча?
– Битал къийсамаш, – сацийра и шиъ Іаьлбага. – Ахь хӏун олу, Берса?
– Вайна хьалха ши некъ хӏутту. Ведана, Эрсана, Кешане, Буртӏанай а гӏаьпнаш дӏа а лецна, гӏаттам арен тӏе баккхар – цхьаъ. И некъ дика бу, нагахь вайга уьш цхьана дийнахь дӏалецалахь. Амма уьш дӏалецаран гӏуллакх масех дийне далахь, мостагӏчунна гӏо кхочур ду арен тӏера…
– Шолгӏаниг?
– Уьш, хье ца йеш, ӏад а йитина, арен тӏе а девлла, цигара йарташ а гӏовттийна, Соьлжа-Гӏалина тӏе дахар. ТІаккха а букъа тӏехьа тоъал боккха ницкъ буьсу мостагІчун. Вай шина цӏарна йуккъе нисло.
– Кхоалгӏа некъ бац?
– Суна хаац.
– Хаси-Юьртара дӏа аьчкан серийн зӏе йуй? – хаьттира Коьрас.
– Йу.
– Тховса йа кхана гӏаттам болало аьлча, уггар хьалха иза йохо йеза, масех чаккхарма схьа а лаьцна. ТІаккха, Соьлжа-Гӏала геланчаш а бахана, цигара эскарш кхачале, Ведана а, Хаси-Юрт а дӏалаца хан хир йу вайн шортта.
Дехха къийсинчул тӏаьхьа, ӏаьлбага сацамбира:
– Хӏета, ас сайна хетарг дӏаолу шуьга: Акхтас, Гезлойн-гӏап дӏа а лаьцна, цигахула чекхйолу зӏе йохайо. Гӏубхас изза до Хулхулон ахкахь. Залмин Дадас, Доча-Борзе дӏа а лаьцна, Органан ахкан ков къовлу. Янгӏулби, ахь Кешане дӏалоцу. Сулиманний, ӏабдул-Хьаьжиний тӏедуьллур ду Ведана дӏалацар. Вайн коьртачу ницкъашца со Шелахула дӏа Соьлжа-Гӏалина тӏегӏур ву. Кхана ӏийча, лама, гӏуллакх дӏадоладо вай. Къайсар, ахь, сихха аравалий, тховссехь дӏасахьовсо тешам болу геланчаш кечбе.
Харц хир дара, кечбечу гӏаттамах лаьцна ӏедална хууш хӏумма а дацара аьлча. И кечам кху тӏаьххьарчу иттех шарахь хаддаза беш хиларна, молханах йуьзначу Нохчмахкана оьшург беккъа цхьа суй бен боцийла хууш, къаьсттина Веданахь а долуш, сема дара ӏедал.
Цундела полковникан Батьяновн телеграммо башха цец а ца ваьккхира Веданан округан начальник эла Авалов.
– Хӏан, дӏадоладели хӏара, – элира Аваловс капитане, иза шена тӏе а кхайкхина. – Нохчаша подполковник Петухов а вийна, Кешанерчу