а догдиллинера цо. Дагадеара Веданан гӏопехь дисина шен къона зудий, ши беррий. ГІопан пенаш мел чӏогӏа делахь а, цигахь лаьтташ Курински гӏашлойн полк йелахь а, Пруссаковн кӏезиг дегайовхо йара гӏеттинчу халкъана дуьхьало йан гӏап ларориг хиларх. Шеко йац, мятежникаша, хьалхарчу тохарца Хулхулон чӏаж дӏа а лаьцна, Ведана Грозныйх дӏахадориг хиларан. Тӏедогӏучу орцанах хаьдча, иза йеха латталур йац. ТІаккха хӏун хир ду-те цуьнан доьзалх?.. Бойъур-м бацара уьш нохчаша: цара бекхам эцац зударех а, берех а, къеначех а. Амма атта хир дац-кх оцу акхаройн йийсарехь. Йекъачу сискалний, хиний тӏехь буьсур бу-кх…
Капитано коьртера дӏалелхийра и ойланаш. Оцу масех минотехь шен кӏадделлачу дагна шех эхь хийтира цунна. Амма уьш, дукха ца ӏаш, хьаьвззина йухайаьхкира. Хӏан, вейтахьа иза кху Ножин-Юьртахь. ДІалацийтахьа мятежникашка и Ведана а. Цуьнан доьзал а бахийтахьа нохчийн йарташкахь. Вийна иза-м денлур вац, амма аренгара схьатеттинчу эскарша хьаьшна дӏайоккхур ма йу Нохчмахка. Цуьнан зудий, берашший йийсарера маьршадохур ду. Маьршабаьхча а, хӏун дийр ду цара цул тӏаьхьа? Деккъачу пенси тӏехь буьсур бу-кх…
Шен къаьхьачу ойланех иза йукъахваьккхира йайн тоьхначу неӏаро. Пруссаковн куьг ша-шаха стоьла тӏехь Іуьллучу тапчанна тӏедахара. Меллаша неӏ йиллина, чоьхьайелира хӏусамнана Бесехьат.
Хьоркешна тӏехӏуттуш, йеха сийначу лаьстиган коч йара цунна тӏехь, сирйелла месаш лаххьийна дӏахьулйеш, коьрта тиллина ӏаьржа чухта, цунна тӏехула тӏекхоьллина йеха чечакхаш йолу цӏен-къорза шолан кортали дара. Йоккха стаг кхузткъа шарал тӏехъиккхинехь а, цуьнан дегӏ нийса а, йуьхь-сибат куьце, безамехь а дара. Хӏиццалц, капитанна тӏекхаьчча, йелайелла, оьрсех, нохчех дешнаш едеш, тӏекаре йолий хьаьвза иза тховса кхоьлина гора. Дог ца догӏуш йела а къежна, капитане «дарасти» аьлла, тӏаьрсиган кӏедачу мачашца байн когаш бохуш, баьрче йаьлла, охьахиира иза.
Цунна тӏаьххье цӏа чу ваьлла хӏетта маж-мекх даьлла векъана, куьцехь жима стаг, схьахетарехь, йоккхачу стеган вешин кӏант, аьрру куьг хаьнтӏе а хӏоттийна, важа йукъахйихкинчу шаьлтанан макъарна тӏе а диллина, неӏарехь сецира.