Цхьаъ ала лууш, амма ала ца хӏуттуш, цкъа хьеше, тӏаккха кӏанте хьожуш ӏачу йоккхачу стеган хьажар стоьла тӏехь ӏуьллучу шина тапчанна тӏехь сецира. Уьш гича, цуьнан кийрара узар долуш санна хийтира капитанна.
– Могашалла муха йу хьан, Бесехьат? – хаьттира цо, шен ницкъ ма-кхоччу самукъане хила а гӏерташ.
– Харшо!
– Шахбулат мичахь ву?
Хӏусамнанас, жоп ца луш, гӏайгӏане корта ластийра. Пруссаковна гира цуьнан бӏаьргаш тӏунлуш.
– Хӏун до ахь, Бесехьат, кхера-м ца йелла хьо?
Оьрсичо хоьттучух кхетта, Бесехьат, берриг ницкъ а гулбина, логе гӏоьртина къурдаш дӏа а хуьйдина, йелакъажа гӏоьртира.
– Сайн цӏийндех, кӏентех кхийрина ца ӏа со, Павел… Хьуна бохам хиларна кхоьру-кх. Хьо вен барт бан гӏоьртича, сан цӏийндас хала йухабаьхна уьш. Тӏаккха хьо лаьцна вига сацам хилла церан. Изий, важий хуьлуьйтийла ма дац… Хӏинцца кху керта гӏоьртина нах дӏабаьхна кху стага. Къеначу цунах гӏиллакх лаьцна, дӏабаха. Хьанна хаьа, ойла хийцайелла, йухабагӏахь а. ДІагӏохьа, Павел, ма балийтахьа бохам…
ТІе а вахана, йоккхачу стеган белша тӏе куьг диллира капитано:
– Мегар дац и, Бесехьат, мегар дац. Бакъо ма йац сан дӏаваха. Паччахьан эпсаран декхар кхочушдар тӏехь ма ду суна.
– Йухабагӏахь, цара тергалвийр ма вац воккха стаг… Оха-м ларвийр вара хьо, тхешан хьаша, кӏант санна. Хьуна бохам ца хилийта, бала сацамбина сан цӏийндас а, кӏенташа а… Воккха стаг вуьйр ву цара, кӏентий а бойъур бу – хӏун пайда бу? ТІаккха а дийр ма ду цара хьох шайна луъург… ДІагӏохьа, пурстоп, тӏаьхьа доцчуьра…
Пруссаковна дика девзара нохчийн гӏиллакхаш. Цара шолгӏа Дела санна лорура зударий. Зударийн дехар йухатохарал доккха эхь дацара боьршачу стагана. Хала киртиг йара капитанна тӏехӏоьттинарг. Цуьнан майралла а, къонахалла а, оьздангалла а зен йезаш киртиг, ша тӏеэцначу, шена кхача баийначу зудчун дехар йуха а тоьхна, эхь тӏе а эцна, кхузахь а сецна, хӏара доьзал ша бахьанехь хӏаллакьхилийта безара цо, йа, эпсаран сий дожийна, паччахьна, декхарна муьтӏахьаллина биъна дуй а къарбина, кӏилло санна, кхузара вада везара иза. Дагахь дуккха а къийсинчул тӏаьхьа, и шолгӏа эхь тӏеэца сацамбира цо.
Пруссаковна хезнера дуьйцуш…