– Дика аьлла, чӏогӏа дика, – эххар а вистхилира Іаьлбаг. – Вай бакъ лоь. Вай нийсо лоьху. Далла гергахь а, ӏедална гергахь а, халкъана хьалха а вай цӏена ду-кх. Мацахлерчунна а дайна, хӏинца хӏара кехат инарле дӏа муха делча бакъахьа хир дара?
– Цунна тӏе векалш бохуьйтур бу-кх.
– Мил-мила дика хир вара?
– Цхьаъ – со.
– Хьо могаш ма вац.
– Вала воллуш а вац. Схьахетарехь, инарла Веданара охьа Аьккха гӏоьртур ву. Цигахь аттахо хир ду цунна тӏекхача. Соьца кхин мила хир ву?
– Лорса-Хьаьжа а, Акхта а, – элира ӏаьлбага, ойла а йина.
– Со а, – тӏетуьйхира Овхьада.
– Хьо ца оьшу, – корта ластийра Берсас.
– Хӏунда?
– Цкъа-делахь, тешам бац инарлех. Векалш дӏа а лецийтина, ирхъ-охкийта а эхь дац цунна. Законе даьккхича, вай зуламхой ма ду. Шолгӏа-делахь, хьой, Васаллий Соьлжа-Гӏалий, гӏалгӏазкхийн станицашкий ваха веза. Царна вайн ойла а, ӏалашо а йовзийта. Уггар коьртаниг – машаречу оьрсашна вайгахьара цхьа а тайпа кхерам боцийла хаийта.
– Ой, иштта кхераме хилча, инарлина тӏе хьо муха вохуьйту? – вуьйхира ӏаьлбаг.
Берса велавелира.
– Со-м чекхваьлла стаг вара, ӏаьлбаг. ТІе, кхерамех ида а ца гӏевттина вай. Маца доьлху тхо?
– Хаац. Инарла кхана а Веданара охьавала тарло. Шу кхоъ цхьанхьа новкъахь сецча, муха хир дара-те?
– Чӏогӏа бакъахьа ду.
– Делахь, вовхха кечлохьа. Буьйса тӏуьно йу.
Веданахь отряде цхьана сохьтехь са а даӏийтина, цигахь лаьтта хӏирийн а, гӏалгӏайн а йиъ сотня шех схьа а тоьхна, Даьргӏа веара Свистунов. Меттигерчу бахархойх лаамхойн милицин отрядаш вовшахтохар дика дӏадоьдуш карийра цунна. Элан Аваловн а, капитанан Пруссаковн а отрядашкахь шишша бӏе стаг вара. Амма оцу бес-бесарчу адамех цхьаьнакхеттачу гӏеранна дика реза а ца хилира командующи. Йартийн лакхенийн нахал сов, оцу йукъахь бу, бохура, къуй а, цаьрга терра кхидолу йовсарш а. Цхьана агӏор-м уьш пайде бара цуьнан ӏалашонна. Амма царах тешам бацара минотана а. И ши отряд а, хӏирийн, гӏалгӏайн сотняш а гулйина, царна хьалха доцца къамел дира цо:
– Ламанхой! Нохчийн цхьа кица ду, боху, шена дина дика ца хуучунна дина вон хуур дац бохуш. Нийсса аьлча, и кица къаьсттина нохчашна шайна тӏе догӏу. Бӏе шо ду оьрсийн салташа, шайн цӏий Іенош, хӏара лаьмнаш,