кхузахь деха къаьмнаш арахьарчу мостагӏех лардо. Оьрсий, церан паччахь, оьрсийн турпала эскар а ца хиллехь, тоххара туркоша йа гӏажароша, таӏӏийна коча гӏомат йоьллина, когех гӏоьмаш йоьхкина, дацош йа лаххьийна хӏаллакдина хир дара шу…
Ӏаьлбага разведке вахийтина, кхузахь деш долчуьнга хьовса баьхкинчу нахана йукъахь лаьттачу Васале цавашаре веларъиккхира.
– Россех дӏа а къастийна, шу лолле дерзо, шу, хьайбанаш санна, дацо, шун мехкан хьоле маьӏданаш шайн карайерзо ӏалашо йолуш, бӏешерашкахь дуьйна схьа тӏемаш бо туркоша. Тахана а шайн агенташкахула цара кхайкхамаш баржийна Нохчийчу а, Дегӏастана а. Шаьш шун маршонан дуьхьа, бусалба динан дуьхьа йуха а тӏом болийна бохуш. Церан шалхонех, аьшпех тешна, ӏаьлбаг-Хьаьжа а коьртехь цхьа зуламхой гӏевттина хӏокху Нохчмахкахь. Іаьлбаг-Хьаьжин бартахой бу Солтмурд, Сулиман, Дада, Гӏубха, иштта кхин дуккха а. Уьш шайн, вайн массеран а дена, государана, дуьхьалгӏевттина ца ӏа. Тахана, оьрсийн салташа а, шун къаьмнех тоьллачу кӏенташа а, вайн йукъара даймохк ларбеш, цӏий ӏеночу дийнахь цу турпалхойн букъа тӏехьа тешнабехкца герз айъинчу цара йинарг Россерчу дерриг халкъашна, вайн йукъарчу даймахкана йамартло йу…
Васална дагатесира генна Россера ша вина меттиг. Берозачу декхнийн хьаннаш, хьийкъинчу сулан аренаш, йуьртан йистехь бай тӏехь дежа торгӏала даьхний. Тийна шершаш оьху даккхий а, кегий а сирла хиш. Шайн жима йурт а, цигара къен лапгӏанаш а. Царна йуккъехь, къеначу дитташна тӏехула айъаделла масех бӏаьвнаца, шозза тӏе-кӏел дина баринан кӏайн цӏенош а, йуьртан килс а. Ӏуьйранна дуьнен чу садаржале гӏовттий, буьйса йоллалц букъ хьала ца нисбеш, беца муьжгий. Приказчикан йаппарш, шодмийн а, серагийн а шакарш. Ӏедалан дай хилла дӏахӏиттинчу помещикаша муьжгийн йоӏарий а, зударий а сийсазбар…
Мундиран лекхачу коча чохь, йоьттича санна, дӏанисйеллачу стоммачу вортанна тӏера боккха корта цкъа цхьана, тӏаккха вукху агӏор дӏаса а хьийзош, йукъ-кара буй хьала а лоьцуш, дуькъачу озаца шен къамел дечу областан начальнике баганаш гӏаттийна хьалахьуьйсура цо дуьйцучух ца кхета ламанхой.
– Вайн даймахкана тӏе хала киртиг