хӏоьттинчу хӏокху деношкахь къаьстар бу цуьнан а, вайн государан а доттагӏий а, мостагӏий а. Доттагӏашца комаьрша а, къинхетаме а хир ду тхо, ткъа мостагӏашца къиза хир ду. Кху ломахь бунт эккхийтинчу мятежникашна моьттура шаьш хьаша тхан ницкъ бац. Уьш гӏалатбовлар шуна го. Шовзткъа эзар гергга салтий ву областехь. Ас цхьа дош ма-эллинехь, хӏара Нохчийчоь сийначу цӏарах йаго кийчча! Кхин оццул шозза алсам гулбан аьтто а бу тхан. Амма, довла а довлуш, тхуна лаац, мятеж а хьаьшна, тхешан куьйгаш бехдан. Шаьш совцабе шайн зуламхой. Шаьш Цуьнан Императоран Воккхаллина государана муьтӏахь хилар гайта. ТІаккха къинхетаме догдохийла йу шун…
Васале ойла йойту инарлин дешнаша. Хӏун маршо, хӏун къинхетам бу инарлас хьехориг? Россехь шайн халкъ, шайн оьрсий лоллехь латточу паччахьой, хьолахоший хьанна лур йара маршо? Шен хӏусамехь, шен доьзалехь доцу ирс а, дика а кхечарна доькъийла а йуй?
– Кху Нохчмахкахь гӏеттина ун орамашца бухдаккха деза, – хезара Васална инарлин гӏоргӏа аз. – Цкъа а йуха ден ца лурриг. Зуламхой хӏаллакбеш шух гоьваьлларг резавийр ву оха. Ӏаьлбаг-Хьаьжа дийна йа вийна суна тӏевалийначунна – пхи бӏе сом, ткъа цуьнан коьртачу гӏоьнчех кхоккха бӏе сом лур ду. Цул сов, аш вийначун йа лаьцначун дегӏаца долу барзакъ, говр, герз а шун хир ду…
Областан хьаькаман кхайкхамах кхаъ хиллачу милцошна йукъахь баккхийберан маьхьарий девлира.
– Ас кхайкхийна совгӏаташ милиционерашна лерина ца ӏа, ткъа муьлххачу салтичунна а, гӏалгӏазкхичунна а ду, – Свистунов цхьана агӏор лаьттачу куринцашний, таманцашний, гӏалгӏазкхашний тӏевирзира. – Со тешна ву, шайн полкийн сийлахь цӏерш аш кхин а лакхайохург хиларх даймахкана, государана гӏулакхашдеш, аш шайгара майралла а, хьуьнарш а, доьналла а гойтург хиларх. Хастам хуьлда государь-императорна! Хастам хуьлда вайн турпалчу салташна! Дала аьтто болда вайн! Ура!
– Ура! Ура! Ура!
Шина батальоно, кхо бӏе гӏалгӏазкхичо, туземцийн милцоша а тоьхначу маьхьарша меттахъхьадина йуьртара жӏаьлеш, кевнашка а лелхаш, дера лета дуьйлира. Кхерабелла дӏатийна ӏен бахархой цецбевлла хьуьйсура стигалан къекъарх тера кхузза гӏов даьллачу йуьртан лаха