йистехьа. Йукъ-йукъа кертара дӏа лулахоша лохха къамелаш дора вовшашца.
– Дера, дац ӏаьлбаг-Хьаьжин гӏуллакх а стаг хьоьгур волуш.
– Эрна кегийна худар ду.
– Амма, массара а ма даахьара…
– Нахана-м моьттура, кху агӏор цхьа а салт вац…
– Ткъа хӏорш, цІоз санна, схьалахкабелла.
– Йарташ ца йагош дитахьара.
– Дог а ма дахалахь!
– Йарташ ца йагайахь а, налог-м тухур йу.
– Иза а дина, дитича-м, боккха болх барий-ц.
– Схьа а лоьцуш, Сибрех ма хьийсадахьара…
Отряд ЦІоьнтара боьдучу новкъахьа йолайелча, тӏевеанчу эло Аваловс командующига хаийтира цуьнга дехаре баьхкина йуьртахь лаьтташ гондӏарчу йарташкара нах хилар.
– Хӏун оьшу царна? – оьгӏазе кхоьссира Свистуновс.
– Машар беха баьхкина уьш, хьан локхалла.
– Ас гойтур бу царна машар, хьайбанаш!
Дукха хан йалале командующина хьалха хӏиттира цІонтаройн, даьргӏахойн, белгӏатойн, гӏордалойн, билтойн баккхий нах. Іасанаш тӏе куьйгаш а дехкина, болчу тӏе а букар хьаьвзина, йогӏуш а, ца йогӏуш а йукъ-йукъа йайн йовхарш тоьхна, дӏатийра уьш.
– Хӏан, схьадийцал, шаьш хӏунда даьхкина! – синтемза этках йайн шед йетта вуьйлира Свистунов. – Шуьга хьоьжуш ӏойла дац, сиха ву со. Поручик Ойшиев!
Командующин свитина йукъахь лекхачу, хьаргӏачу динахь лаьтта Даьргӏан участкан пристав Ойшин Чомакх, аьтту лере куьг а лоцуш, вулавелира.
– Со ладугӏуш ву, хьан локхалла!
– Мотт сецна оцу нехан?
Инарлина хьалха йуьхьӏаьржа хӏоьттина Чомакх, говран чоже когаш таІийна, масех гӏулч хьалхавелира.
– Схьадийцал шаьш деанарг! – тӏечевхира иза, шен горгий бӏаьргаш тобанна тӏе а боьгӏна. – Шуьга хьоьжуш Іен хан ма йац инарлин, Мохьмад-Хьаьжа, ӏуспа-Хьаьжа! Же, ма ӏе!
Инарле гӏиллакхехь маршалла хатта ойла йолу къена нах, кхайкхаза веанчу хьешан шогачу къамело бохийна, севцира. Эххар а, шен дегӏ нисдина, хьекъале ши бӏаьрг инарлина гонахарчу эпсаршна тӏехула а кхарстийна, Чомакхна тӏехь сацийра Мохьмад-Хьаьжас.
– Оха дахдина дуьйцур дац, ала цуьнга, Чомакх. Доцца аьлча, хӏокху инарле къинхетам беха аьлла, дахкийтина тхо тхан тайпанийн йарташа.
Бохийначу оьрсийн маттахь воккхачу стеган дешнаш гочдира Чомакха.
– Къинхетам? – командующин дуькъа цІоцкъамаш, айъаделла,