– Зандакъошка доцца дӏахьеде, – охьа чу куьг тесира подполковнико, – хьалхара – дуьхьало йоцуш, йурт схьайалар. Шолгӏа – девне имам схьалаца шайн йуьртара герзаца кечвина ши бӏе стаг Симсара хьажор. Нагахь сан омра цара кхочуш ца дахь, сарале ас Зандакъах чим бийр буйла а хаийта.
Хьалагӏеттинчу Шахьболата, ийзалуш къадийра подполковнико тӏедиллина декхар эцна йуьрта вахар шена кхераме хилар.
– Хьан оьздаллина хаа ма деза, кху йарташкара бахархой соьга, мостагІчуьнга санна, хьуьйсуш хилар, – элира цо Григорьевиче. – Цига гӏумкийн отрядан командир майор Муса вахийтича, бакъахьа хир ма дара. Иза хьаша хиларе терра, цунах пӏелг хьакхор бац цара.
Халла, оьрсийн дешнаш лехьош, вистхила гӏертачу Шахьболате синтемза ладоьгӏучу Григорьевичан готтачу хьаьжа йуккъе шад хӏоьттира, говран мочхалх тера олладелла бухара балда раздаьккхина, баьхьанаш санна, шуьйра, можа цергаш гучу а йаьхна, цавашарца велакъежира иза.
– Господин прапорщик, сан хан йац хьоьца дийцарш дан, – кІоргге хьех чухевшина горга, кегийра бӏаьргаш Шахьболатна тӏебуьйгӏира цо. – Ахь кхин дош алахь, хьох шеквала кийча ву со. Шаьш кегийна худар шаьш даа дезар ду шун, иза мел чаьмза делахь а. Хьада, приказ кхочушде!
Зоьрталчу, куьцечу дегӏара сирвелла воккха стаг, дуьхьал вист ца хуьлуш, басахула чубоьдучу готтачу новкъа меллаша охьаволавелира. ХІетталц даим нийсса лаьттина цуьнан шуьйра букъ цӏеххьана букархьаьвзича санна хетаделира тӏаьхьахьоьжучу Абросимовна. Кегийра гӏулчаш йохуш, чехкка цунна тӏаьхьаволавелира гӏабакхах тера лоха, стомма Хьамзат-Хьаьжа а. Мукъабевлла эпсарш шайн роташка дӏасабекъабелча, Абросимовн пхьарс лецира Рихтера.
– Меттиге бӏаьрг тохий вайша, Яков Степанович?
Хӏинца а гӏуллакхе хӏоттийна воцчу капитано Рихтера шен лаамехь йоккхура хан. Бендоцуш белшаш саттийна, вист ца хуьлуш, ломан буьххье хьалаболучу гӏашлойн новкъа цуьнца дӏаволавелира Абросимов. Некъ лакха мел гӏоьрта, нилхадуьйлура пепнаш. ТІаккха луьстта кхиъна стов а, хьаьрса-хьач а, пха а, бӏаьлланг а йолуш, варш йолайелира. Дагна там беш дара бӏаьстенан сеналлин а, зезагийн хьожанах а дуьзна цӏена хӏаваъ.