– Йалсамане йу-кх хӏара! – ши бӏаьрг хьаббина, кийра буьззина чоьзна хӏаваъ чам боккхуш арахийцира Рихтера. – Хӏара хилла-кх Кавказан тӏамехь буьрса а, кхераме а йийцина Ичкери! Ткъа мел тийна ду гонах! Олхазарийн эшарш бен хазац. Кхузара дӏа Даьргӏа, Коьжалкан-Дукъ, Шовхал-Берд гой, Яков Степанович?
– Йарташ шаьш-м ца го. Дехьа тогӏи чухула охьадогӏуш Ямсу ду. Ткъа нийсса хьалха гург – Аьккхийн-Дукъ. Цунна дехьахь, тӏеттӏа айалуш, къилбехьа доьдург – Гӏачалкхан-Дукъ. Оцу шина дукъана йуккъехула охьадогӏу Герзелахь хьуна гина Яьсси. Цуьнца хьала йу ахь цӏераш йаьхна меттигаш. ДІо лекха гу гой хьуна? Иза ду Коьжалкан-Дукъ. Цигахь вохийна граф Воронцов. Ткъа къилбехьа лахо чохь, Шовхал-Бердана уллохь, тӏаьххьара а хӏума тоьхна цунах.
Барон вехха лаьттира оцу буьрсачу раьгІнашка бӏаьрг бетташ.
– Неӏалт хилла акхарой! – цӏеххьана йуьхь тӏехь хийца а луш, цергашна йуккъехула схьаӏаьвдира цо. – Ас бекхам оьцур бу сайн да вийначех!
Накъостан хьаьрсачу цӏоцкъамашна бухарчу сийначу бӏаьргаш чохь хьере цӏе гира Абросимовна. Буткъачу, хьаьвзинчу меран шуьйра мераӏуьргаш сийсара, хаьхкина йалийначу говран санна.
– Эрна йу хьан чагӏо, барон, – элира Абросимовс, лаьтта кхевдина, кӏайн зезаг а доккхуш.
– Хӏан-хӏа, Яков Степанович, ас кхочушйийр йу сайн чІагӏо!
– Нагахь цара хьо хьайн дений, дендений тӏаьххье хьалха дӏа ца вахийтахь, – мере лаьцна, зезагах хьожа а йоккхуш, шек а воцуш элира вукхо.
– Хьовсур вай! Хӏетале со а кхуьур ву царах масех экха шайн Аллахӏна тӏе хьажо!
Зезаг, шина пІелга йуккъе а лаьцна, хьийзо вуьйлира Абросимов. Тӏаккха, иза йуьстах а кхоьссина, накъостна тӏевирзира иза.
– Бакъ вац хьо, господин барон. Вай коча ӏазапан дукъ ца ӏиттахьара, цара хьан а, цхьаннен а да а, денда а вуьйр вацара. Вай уьш маьрша баха ца буьту.
– Францехь винехьара, тоххара якобинец хилла хир вара-кх хьох!
– Адамалле хила-м, стагана Францехь вар ца оьшу. Адамалла доцуш а, гӏийлачух къа ца хеташ а дац Россера адамаш. Дуьххьалдӏа цхьаберш бахьац-кх бакъдерг ала йа лаац. Гой хьуна, хьо а воллу нохчашна «акхарой» бохуш. Церан диканиг ган лаац хьуна а. Шовзткъе шолгӏачу шарахь инарла Граббен йа цул тӏаьхьа